ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин Iедалша арваьккхина Гадаев Нохчийчу дIавига гIерта кадыровхой


Францино депорт йина Гадаев Мохьмад дIатарвинчу цIенна го бина хилла Нохчийчуьрчу ницкъахоша шоьтан дийнахь. Адвокатна а, бакъоларъярхошна а иза схьавалар тIедожийна цара.
Кавказ.Реалиига Гадаевн хIусамнанас хаам барца, цуьнан цIийндас адвокатан телефонехула вистхуьлуш аьллера цуьнга, ша Нохчийчу дIавига хьийза аьлла.

"Бакъоларъярхоша лачкъийнера иза, амма кадыровхой тIекхиъна. ЦIенна го бина цара, цхьацца хеттарш дан Нохчийчу дIавуьгур ву шаьш аьлла цара", - дийцина къамел дечо.

Кхачо йоллуш бакъоларъярхошка долчух лаьцна дицийта аьтто ца баьлла редакцин, амма и бакъ хилар тIечIагIдина цара.

Оцу юкъанна кIиранан дийнахь яздо "Новая газето", цуьнан адвокатна Цветков Семенна тIетевжина, Гадаев Мохьмад Керла Уренгойн полицин декъе валийна, пачхьалкхе ша Iалашвар деха дагахь ву иза. Гадаевна хетарехь, иза теш хиларе терра, цунна кхерам бу. Полицин декъехь цо тIедожийна, долчух ма-дарра дийца, Талламан комитетан векал тIекхачаве шена аьлла.

Газетан информацица, яхначу буса Керла Уренгой доьдучу кемана хаийна Гадаев Шереметьево аэропортан дозанхойн контролан векалша. Оцу гIалахь вехаш ву Гадаев Мохьмадан ваша.

Тахана Iуьйранна Гадаевн вешин хIусаме ши нохчо веанера, Мохьмад лоьхуш. Цул тIаьхьа Гадаевн гергарчара дехар дина Мохьмаде, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "къинхетамаллех теший", Iедална тIегIахьара аьлла.

Гадаевн адвоката дийцарехь, Мохьмад латточу петарна тIехь латтош ха ду. Кеп-кепарчу Оьрсийчоьнан регионашкахь нохчий лечкъош хилар лерича, тешам боллуш ала тарло, иза бертаза дIавига Нохчийчуьра тоба схьакхачаре уьш хьоьжуш бу.

Маршо Радионо дийцира, кхелан сацам бохош, Францино шайн пачхьалкхера араваьккхина Гадаев Мохьмад ФСБ-н белхахоша 12 сахьтехь лаьцна латтийначул тIаьхьа бакъоларъярхойн аьтто баларх иза церан карара ваккха.

Охан-беттан 9-чохь Францера Оьрсийчу дIахьажийра Нохчийчуьра мухIажар Гадаев Мохьмад. Ша депортацин лагерера кемана хаон масех сахьт дуьсуш, протест кхайкхош, шен гай цистира цо.

  • Гадаев Мохьмад "Барт Маршо" боламан урхаллин а, "Европерчу нохчийн ассоциацин" а декъашхо ву. Францойн хьехархо Пати Самюэль вийча полицино алссам тергоне эцначу нохчийн деаспорех хилар дара 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь иза лацар.
  • Цул тIаьхьа Гадаев депортацин лагере хьажийра. Цунна коронавирус кхетарца доьзна сацийра цуьнан депортацех йолу процесс. ТIаьхьо хиллачу кхело юхаяьккхира депортаци: адвокат Тулуз Арнос тоьшаллаш далийра Гадаев Оьрсийчохь набахтехь хьийзийна хиларх а, кхечу наханна тIехь доцург кхолла декхаревеш таIзарна бухахь валлийна хиларх а

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG