Шайн Натанзе гIалина уллерчу заррат герз арахоьцийлехь нийсъелла инцидент "терроран акт" ю аьлла ГIажарийчоьнан Iедалша.
Цкъачунна цхьаммо а жоьпалла тIе ца эцна шена кIирадийнан Iуьйранна ГIажарийчоьнан зарратан герз дечу лаьтта бухарчу объектехь серло дIаяйъарх. Тегеранан шеко уггаре хьалха тIеюжу Израилан къайлахчу сервисашна, билгалдоккху Associated Press агенталло.
Малхбалехь ишта а къайлах конфликт латточу шина агIонан юкъаметтигаш шеллур ю, нагахь санна Израиль хиллачунна бехке ларар бух ца карош дисахь.
Израилан премьер-министра Нетаньяху Биньамина, кIирандийнахь шаьш долчу веана Пентагонан буьйранча Остин Ллойд а волуш, дIахьедира, дуьненан лидерша-пачхьалкхаша 2005-чу шарахь ГIажарийчоьнца зарратан герзан хьокъехь бина барт Израило бохабойтур бац, аьлла.
Аssociated Press-о билгалдаккхарца, кIиранан Iуьйранна иккхинчу инцидентах йолу информаци беркъа ю. Ша керлачу дарже веъчхьана цкъа а ца динчу кепара шога дIахьедар дина хьалха ГIарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Iийначу, хIинца зарратан энергин урхаллин коьртехь волчу Салехьи Акбар Iелас. Агенталло бахарехь, Салехьис билгал ца даьккхина, хIун ду хилларг, амма цуьнан дешнаша кхетаво Натанзерчу объектехь цхьа галморзахалла нисъеллийла.
Израилерчу "Джерузалем пост" газето дагадоуьйту Натанзера ГIажарийчоьнан объекташ, арахьарчу хьостанаша беш хиллачу хаамашца, Израилан кибертIелетаршна буха дуккхаза а нисъелла хилар: 2010-чу шарахь Израило а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а вирус StuxNet программин гIоьнца цигара эзар сов центрифуга йохийра.
Стохка Товбецан-баттахь цIе елира уран дебочу Натанзерчу объектехь. Тегерано иза белхахоша дина зулам ду бохура. Амма цIе ца яьккхира бехкечийн. ТIаьхьо ГIажарийчоьнан зарратан энергин урхаллин векала
Камалванди Бехруза дIахьедира, цIеяларна бехке Израиль ю, аьлла.
2020-чу шеран Лахьан-баттахь ГIажарийчоьно Израиль бехкейира шайн зарратан программа кхоьллина волу Iилманча верна.