ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша Новый Уренгойн полицера дIавигина Гадаев Мохьмад. Iедале кхерамзалла ехнера цо


Францера экстрадици йина мухIажар Гадаев Мохьмад Нохчийчуьра баьхкинчу ницкъхошка республике дIавигийтина Новый Уренгойн полицино. Оцу хьокъехь хаийтина "Новая газето", адвокатна Цветков Семенна тIе а тевжаш.

Новый Уренгойрчу полисхошка шена пачхьалкхан цIарх кхерамзалла ехнера Гадаевс. Ша ницкъаша Оьрсийчу дIакхачийча, цигахь, къайлаваьлла, сецнера иза. Ша тIевоьссина цIа кадыровхоша гонелаьцча, дира цо полицига шен дехар.

Кавказ.Реалиига "Iазапна духьалоечу комитетехь" бинчу хаамца, Нохчийчуьра ницкъхой зIене бийлина Гадаевн гергарчаьрца, иза цIакхачаве, цунна "кхел нийсонца йийр ю" бохуш.

Ткъа бакъоларъярхоша бахарехь, Оьрсийчуьрчу низам тергалдечу системин претензи яц Гадаевга.

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG