ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера араваьккхина Гадаев дIавелла нохчийн полисхошка. Иза 5 баттахь латтийнера ОМОН-ан Соьлжа-ГIаларчу базан набахтехь


Гадаев Мохьмад
Гадаев Мохьмад

Ницкъаллин структурийн белхахоша 2010-чу шарахь лачкъийна 5 баттахь Соьлж-ГIалахь нохчийн ОМОН-ан базехь латтийначул тIаьхьа махках ваьлла лелла нохчо Гадаев Мохьмад араваьккхина Оьрсийчу дIахьажийра Францин Iедалша.

Гадаевн адвокато Цветков Семена дийцарехь, иза цкъа дуьххьара Москва валийра, цул тIаьхьа дIахьажийра цуьнан ваша вехачу Ямале. Ткъа цигахь Керла Уренгой гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъан белхахоша дIавелла Гадаев нохчийн полисхошка, хаам бо "Новая газето".

Нохчийчохь чувоьллина хан текхна ву Гадаев, Нохчийчоь йоцуш йозуш хиларехьа болчу нахаца зIенаш латторна

Адвокатана хетарехь, дозанан сервисан белхахоша нохчо Москва кхаьчначу хенахь офицаилан йоцучу кепара Гадаевх лаьцна хаам дIабелла хилла Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) Нохчийчуьрчу урхалле. Цул тIаьхьа цхьа а бакъо а йоцуш Гадаев 12 сов сахьтехь латтийна Шереметьево аэропортан D терминалехь транзитан зонехь.

Ямалера хIун бух болуш дIавигна Гадаев нохчийн полисхоша бохург къасто гIерташ ву адвокат. Бакъонашларъярхоша латкъам бина прокуратуре, Iедалша лоьхуш а воцу Гадаев лацар бахьана долуш.

Керлачу Уренгойхь Гадаевс шена тIевоьхуш хилла Талламан комитетан талламан декъан векал. Нохчочо хаам бина шен дахарна кхерам хилар а, адамашна тIехь Iазап латторна толлучу бехктакхаман гIуллакхехула ша теш хилла хиларна аьлла.

Нохчийчохь чувоьллина хан текхна ву Гадаев, Нохчийчоь йоцуш йозуш хиларехьа болчу нахаца зIенаш латторна. 2010-чу шарахь, колонера арваьллачул тIаьхьа, иза лецира. "Новая газето" чIагIдарехь, Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн белхахой дагахь хиллера [иза а, кхин болу шаьш лецнарш а] "лаьмнашка а бигна, тIемалой уьш болуш санна байъа". Соьлжа-ГIалахь нохчийн ОМОН-ан базехь латтийнера иза 5-а баттахь.

Махкара Франце дIаваха аьтто баьлча, Гадаев гIоьртинера политикан тховкIело каро оцу пачхьалкхехь. Цо дийцинера Нохчийчохь адамашна тIехь Iазап латторах, ткъа иштта теш хIоьттинера шеца чувоьллина латтийна волу Умарпашаев Ислам ОМОН-ан белхахоша лачкъорца доьзна толлучу бехктакхаман гIуллакхехула.

Оханан-беттан 10-хь Гадаевн ваша волчу баькхина хиллера муьлуш буц а хуу нохчий

Кавказ.Реалиица къамел деш Гадаевс дийцира, Францехь тоьшаллаш динчул тIаьхьа шена а, шен гергарчарна а кхерамаш тийсина хиларх лаьцна.

Гадаев лецира Францехь 2020-чу шарахь ГIадужу-баттахь, 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIа Парижана гергахь историн хьехархо Пати Самюэл вийначул тIаьхьа.

Гадаев дIахьажийра депортацин лагере. Цигахь коронавирусан ун даларна иза махкахваккхар хан тIаьхьатеттира Iедалша. Зазадоккху-бутт чекхболуш нохчочунна депортаци яр юхадаьккхира суьдехула, амма Оханан-беттан 8-хь иза юха а лецира, ткъа 9-хь дIахьажира Парижера Москварчу Шереметьево доьдучу кеманахь. Ша депортацин лагерера кемана хаон масех сахьт дуьсуш, шен гай цистира цо, Оьрсийчу юхаверза шена цалаарна.

Адвоката Цветковс дийцарехь, Оханан-беттан 10-хь Гадаевн ваша волчу баькхина хиллера муьлуш буц а хуу нохчий. Цул тIаьхьа Гадаевн гергарчара дехар дина хиллера цуьнга Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "къинхетамаллана карагIахьара" аьлла".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG