ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новгородехь лачкъийначу шина вашас латкъамаш бина, шайна тIехь Нохчийчохь гIело латторах


Лахарчу Новгородера лачкъийна валийначу шина вашас Исаев Исмаила а, Магамадов Салехьа а Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалле арз дина, шаьшинна тIехь полисхоша ницкъбарх а, харцонаш лелорах а. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" пресс-секретарна Бесцвет Тиман хаамна тIетевжина яздо цунах лаьцна "МБХ медиа" ресурсо.

Магамадовс а, Исаевс а дIахьедарца, царна тIехь ницкъбина дуьххьара стохка аьхка Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу шолгIачу полкан белхахоша лаьцча а. Иштта гIело йина цу шинна кху шеран Чиллан-баттахь лоцучу заманчохь а. ГIаттамхойн тобанхошна гIо латтийна ву аьлла, хIиттийначу кехаташна нуьцкъаша куьйгаш яздайта а хьийзина шаьшиъ аьлла ду чуделлачу кехата тIехь.

ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вешин: 17 шо долчу Исаев Исмаилан а, 20 шо долчу Магамадов Салехьан а гергарчара шайна кхерамаш тийсарна Оьрсийчуьрчу Талламан комитете арз дина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано".
"Медиазона" ресурсо бина цунах хаам.

Лахарчу Новгородехь меттигерчу полисхоша Нохчийчуьра ши кIант лачкъорах Чиллан-баттахь нахала делира. Кхул хьалха а Нохчийчохь лаьцна вигина хилла ву Магамадов а, Исаев а, "Осал Нах 95" оппозицин телеграм-каналан модераторш и шиъ хиларна.

Стохка аьхка шина кIантана гIо дира Нохчийчуьра Лахарчу Новгороде водуш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано". Оьрсийчоь а дIатаса дагахь хиллера и шиъ, амма ца ларийна. Лачкъийначул тIаьхьа масех дийнахь цу шиннах хилларг хууш стаг а вацара. ТIаьхьо ши кхиазхо бехкевира нохчийн Iедалхоша, терророшна гIо латтийна ву аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG