ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бизнесехь уггаре кIезиг бахархой болу регион ю Оьрсийчоьнан Къилбе


Къилба а, Къилбаседа а Кавказан федералан гонаш бу жимчу а, юккъерчу а бизнесна юкъа уггаре кIезиг бахархой ийзабелла регионаш. Масанхьачул а ледара ду хьал ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а. Ткъа ГIалмакхойчоь лидер ю 2020-чу шарахь бизнесехь балхара дукха нах дIабахарца.

РИА Рейтинг-о бинчу талламо гайтарехь, 15% нах бу бизнесехь къахьоьгуш. Рейтинган лидерашлахь ю Петербург, Новосибирскан а, Калиниградан а мехкаш.

Къилбаседа Кавказан республикашкахь гIолехьа ду бизнесехь нах хиларца Къилбаседа ХIирийчохь – 85 регионашлахь 78-чу меттехь ю иза. ТIьаххьачу шина меттехь йолчу Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра хьал иштта ду: бизнесехь бу Нохчийчоьнан 2,6% бахархой, ГIалгIайчохь – 1,7%.

  • Хеттаршна жоьпаш деллачу къилбаседа-кавказхойх 25% наха шайн болх лохуш Iан йиш ю киранах, шайгахь цкъачунна ахча ду хенера бовла, аьлла. 22% наха шайн шина кIиранах йиш ю, мацалла ца хIуттуш, болх леха аьлла. 16% нах бу болх баттахь лохуш лела йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG