ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкахь 14 стаг лаьцна. Уьш талораш дан кечлуш хилла боху


Ессентуки гIаларчу кхело лаьцна Кисловодскехь терроран тохар кечдеш хиларх йолчу шеконца бехктакхаме озийна 14 стаг, аьлла "Интерфаксе" кхелан пресс-векалтехь.

Талламан комитето дуьхьал дов айдинарш бу Камнев Даниил, Мамедова Себила, Гогуев Тимурлан, Ростомян Гегам, Газиева Амила, Баженов Александр, Апсов Мурат, Аров Рустам, Богатырев Iиса, Леденев Дмитрий, Магомедов Гаджи, Магомедов Раджаб, Фатуллаев Абумуслим, Хажиев Иманали.

Талламо бахарехь, 2017-чу шарахь Гогуев Тимурлана Кисловодскехь кхоьллина магош йоцу дуьненаюкъара динан цхьаьнакхетаралла, цунна юкъахIиттина бисинарш.

2021-чу шеран зазадоккху-беттан 5-чохь Кисловодскера полицин цIа эккхийта дагахь хилла Камнев Даниил ша цхьаьнавехачу Мамедова Сабилица, чIагIдо талламчаша.

  • Хаьлхо хаам баьржира Кисловодскехь стаг лаьцна, шеца оьккху коьчал а йолуш, полицин белхахошна тIелата воллучу муьрехь, аьлла, иштта лецира зуламан декъашхой хиларца а дузуш, кхин а кхо вахархо. Уьш ДАIИШехьа ойланаш йолуш бу, бохура.
  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-но Краснодар-махкарчу Сочи гIалахь лецира лицейн дешархо. Цо "ВКонтакте" машанехь ша, оьккху коьчал а йина, шеца доьшу бераш лелхийта воллу аьлла, даржийра урхалло.
  • Iедало ша къинхетам бийр бу, олий, цIа а балабой, кхелашкахула чекхбоху тIеман зонашкахь хилла бахархой, иза харцо ю, аьлла хета Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхошна. Оцу хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG