ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Мангал-беттан 1-ра де тIекхаччалц совцийна Туркойчу лела кеманаш


Цхьана баттанна эха баттанна совцийна Оьрсийчоьно Туркойн махка лела кеманаш, Охан-беттан 15-чу дийнера Мангал-беттан 1-чу дийне кхаччалц. Иштта бу оршотан дийнахь COVID-19 ун Оьрсийчу цакхачийта кхоьллинчу Оперативан штабан сацам. Оьрсийчуьра Туркойчу лелачу пассажирийн кеманийн массо а рейсех хьакхало иза.

Сацам бовзийтинарг ю Оьрсийчоьнан премьер-министр Голикова Татьяна. Цо бахарехь, юьсуш ю лела кIиранна ши рейс: Москва – Истамул. Цул сов, кеманаш латтор ду Туркойчуьра цIабахка луучу Оьрсийчуьрчу туристашна а.

Мангал-беттан 1-рчу дийнналц совцош ю кеманийн рейсаш Танзане а. Оцу пачхьалкхе кеманаш лела дуьйладелира хьалхарчу могIарахь – стохка бIаьста, ах сов Оьрсийчуьра рейсаш совцийна лаьттачу муьрехь.

Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас "Комсомольская правда" радион эфирехь хаам бира, Туркойчохь ковид-цамгар "чIогIа сиха яьржаш ю", аьлла.

2019-чу шарахь Туркойчохь хилла Оьрсийчуьра 7 миллион сов турист.

ПIераскана Туркойчохь коронавирусца долу хьал дийцаре диллира шина пачхьалкхан президенташа Путин Владимира а, ЭрдогIан Реджепа а. Оццу дийнахь баьржийра Оьрсийчоьно кеманаш совцорах болу хаам.

Шоьтан дийнахь Истамулехь хилира Украинан президент Зеленский Владимир. ЭрдогIана цуьнца къамел деш элира, Туркойчоьно къобал ца до ГIирмина Оьрсийчоьно аннекси яр.

Москварчу Iедало Хонкарна а, кхечу пачхьалкхийн коьртачу шахьаршна а дIахаийтина, оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс ма-аллара, Киевн милитари-лаамашна кхача латтор дика доцийла.

Мисаран арахьарчу гIуллакхийн министрца Шукри Самехьца дина бертан къамел дерзош Лавровс аьллачун цитата ялийна "РИА Новости" агенталло:

"Жоьпаллехь мел йолчу пачхьалкхашна, Туркойчоь а ю царалахь, оха хоьху ситуаци зер, Киевера режим даима а тIеман дIахьедарш даржош хьийзар тергоне эцар, цуьнан милитари-лаамашна кхача цалаттор ".

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG