ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жириновскийн а, Битаровн а кIентий вовшахлетта Москвахь


Москварчу "Внуково" аэропортехь летта вовшех Битаров Зелимханний, Эйдельштейн Олеггий – Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо хиллачу Битаров Вячеславан а, Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин лидеран Жириновский Владимиран а кIентий.

Кавказ.Реалиигахь йолчу информацица уьш дIасакъестош лелла Битаровца цхьаьна кеманахь БуьритIера кхаьчна Оьрсичоьнан Федерацин кхеташонан сенатор Фадзаев Арсен.

Кеп-кепара болчу хаамашца, дов доладелла Эйдельштейна Битаровх лаьцна маьттаза къамел дарца. Амма Жириновскийн воIа полицехь, ХIирийчоьнан куьйгалхочун даржах мукъаваьлла Битаров кхидIа хIун лелон дагахь ву бен ца хаьттинера ша, аьлла.

Эйдельштейн Олега арз чуделла полице, шена Битаровс лаххара а доьазза коьртах туьйхира, аьлла.

34 шо долу Эндельштейн Жириновскийна вина цуьнгахь марехь хилла а йоцчу зудчо, Къилбаседа ХIрийчуьрчу Газдарова Жаннас. 2017-чу шеран харжамийн къовсамашкахь Эдельштейна гайтира шена шогга критика ян хаьийла Iедална дуьхьал.

Редакцин аьтто ца белира "Внуково" аэропортерчу полицин белхахошкара хиллачух лаьцна комментари яккха.

Хьалхо даьржира Жириновский Владимиран кIанта Эйдельштейна Битаров Вячеслав шена кIинтIера ваьккхина ша цунах лаьцна шога къамел дарна, аьлла.

  • Битаров Вячеслав даржах мукъаваьлла Охан-беттан 9-чохь. Цуьнан метта ханна хIоттийна Сибрех президентан векал хилла волу Меняйло Сергей.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG