ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь Навальныйн штаб юьллушехь вайна ши жигархо схьакарийна полицехь


Оппозицерчу политикан Навальный Алексейн ХIинжа-ГIаларчу штабан координатор Атаев Эдуард а, цунна гIодеш хилла жигархо Манапов Мурад а лаьцна латтош ву полицино, административан низам талхорна бехке варца. И шиъ лоьхура гергарчара а накъосташа а, цIеххьана зIенера валар бахьана долуш.

Атаев карош воцу дара ши де-буьйса, волу меттиг ца хууш, Манапов лехна дийнахь-буса.

"Тхо даккхийде цхьана доккхачу зуламна бехке уьш ца бина. Даккхийде царна тIехь къизалла ца латтийна. Мархин беттан хьалхарчу денна совгIат ду иза ала а тарло", - бохура Кавказ,Реалиига Навальныйн федералан штабан белхахочо Аблякимов Руслана.

Цо дийцарехь, Манапов мукъавоккхур ву лаьцначуьра Охан-беттан 14-чохь, ткъа Атаевн 10 де-буьйса даккха деза – иза административан хьесапехь лаьцна, Хасу-Юьртахь хан токхуш ву, адвокат гIур ву цунна бехке дийриг талла.

50 шо долу Атаев Эдуард жигархо ву Дагестанехь, махкарчу харжамашна тIехьожуш лелла иза хьалха, шозза дакъалаьцна Эндари-юьртан куьйгалхо а, депутаташ а хоржуш.

  • Охан-беттан 11-чохь, ХIинжа-ГIалахь оппозиционеран Навальныйн штаб йиллича, цуьнан координатор Атаев Эдуард дIаваханера шайн юьрта – Эндаре, цул тIаьхьа вайнера, зIене волуш вацара.
  • Навальныйн штаб Дагестанехь схьаелла гIоьртира хьалхо Аблякимов Руслан, цунна еттарца, махкара дIавахарца дирзира иза. Ша масех дийнахь тергалвеш лийлира цхьа нах, бохура цо. Халаниг штаб йилла чоьнаш карор ду, дуьйцура цо хIетахь – петарийн дай кхоьру оппозицица гIуллакх лело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG