ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен бер етташ лелорна хан тоьхна Алтайхь гIалгIайн зудчунна


Алтай Республикехь 38 шо долчу нанна кхело таIзар кхачийна цо шен йоI етташ лелорна. ЙоI дIаяьккхина доьзалера.

Талламчашна билгалдаьлла нанас, бусалба динца ма-доггIу ца леларна, 12 шо долчу беранна етташ хилла хилар. Мачаш юху аьчка Iайг, аннаш дуьлу аьчка гIирс, хIуманаш тIеухкург тухуш хилла йоIанна кест-кеста, яздо меттигерчу "Алт.КП" газето.

Ша хьийзор, еттар лан а ца делла, цIера едда йоI, дIадийцина дерриг а лулахошка, ткъа цара полици кхайкхина.

Ломан Алтайн кхело бехкейина нана бер гIелонехь кхабарна а, кхиазхо ма-оьшшу цалелорна а. Цунна кхо шо, цхьа бутт кхайкхийна хан цIахь йоккхучу кепехь такха, полицино зуьйш хир ю иза шина шарахь. Сацам низаме бирзина.

  • Хьалхо хаамаш баьржира ГIалгIайчохь 2019-чу шарахь ворхI шо долу Ажигова Iайша заьIап ярх лаьцна. Несарарчу дарбан цIийне йиллира иза, дегIа тIе цIе Iиттина а, межеш лазийна а ларш, гангрена а йолуш. Москварчу Рошаль Леонидан берийн хирургин институте кхачийра йоI, дIадаккха дийзира аьтту куьг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG