Къилба федералан гонан Ростоврчу тIеман кхело сацам арахецна террорхойн тоба кхолларна пхеа дагестанхочун дов дерзош.
18,5 шо хан тоьхна набахтехь яккха Абдулкеримов Мурадана, 17,5 шо кхайкхийна Пирвелиев Феликсана, 18 шо – Нарчавов ИсмаьIална, 17 шо – Меджидов Бахьавдина, 17,5 – Рамазанов Гусейнна. Набахтин халчу хьелашкахь токхур ю цара массара а шайна тоьхна хенаш, хаам бо Интерфаксо.
Талламо бахарехь, бехкебинчара ягийна йий духку туька, кечлуш хилла полисхочунна тIелата. Амма Iалашо кхочуш ца йина цара, шаьш лецар бахьана долуш.
- Хьалхо хаам баьржира, Ростоврчу тIеман кхело листа долош ду ГIалгIайчуьрчу Тазиевн Iелин кхоалгIа дов, аьлла. Хьалхарчу шина а кхело иза оьмар чекхъяллалц набахтехь кхаба сацамаш бира. Цунна бехкедира республикан куьйгалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Юнусбекна тIелатар дар а, кхин а масех терроран тохар кечдар а.