Джо Байденан администраци еарин дийнахь Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санцеш юкъаяха дагахь ю, хаам бо Америкерчу хаамийн гIирсаша, КIайн цIийнерчу хьасташна тIе а тевжаш.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена омра кечдина Американ банкашна Оьрсийчоьнан Банкан, финансийн министраллин, Оьрсийчоьнан Хьал кхиоран фондан мехала кехаташ эцар доьхкуш. Цхьаьнатоьхна Штаташ пачхьалкхера араваккха кечлуш ю ОвхIанистанехь шен эскархой байъарца доьзна ахчан совгIаташ лучу барамийн декъахь хиларна Оьрсийчоьнан 10 дипломат.
Санкцеш тухур ю Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIертарна а, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси еш дакъалацарна а.
Оьрсийчоьнан арахьарчу къайлахчу талламийн урхаллина тIебаьхьира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа бехк шайн лаккхарчу хьукматийн а, тIамна дуьхьалоечу корпорацийн а компьютерийн система йоьллу Solar Winds шех олу операци дIаяхьарна.
Зазадоккху-беттан юккъехь Американ къайлахчу сервисаша хаам арахийцира Оьрсийчоь Цхьаьнатоьхначу Штатийн 2020-чу шеран президентан харжамашна юкъагIортарх лаьцна. ХIетахь Байдена дIахаийтира ша ABC News агенталлина интервью луш, президентан харжамашна юкъагIортарна Путина "мах охьабуьллур буйла".
Оьрсийчоьнан куьйгалло бакъ ца дира ша кхечу пачхьалкхашкарчу харжамашна юкъагIерта бохург.