БуьритIехь зуламхо эшийначу йоIе болх кховдийна полицино. Ша тротил оьккхуйту аьлла, деношкахь гIаларчу туькан чу стаг иккхинчу муьрехь гайтина цо доьналла.
Кавказ.Реалиига Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалтехь дийцира туьканахь болх беш йолчу оцу йоIа зуламхо, цо букъ туха хан а ларйина, тIекхетта, полици чукхаччалц охьавиллина латторах лаьцна.
"Майра хьовзарна йоIанна совгIат дан дагахь, цуьнца зIене бевлла тхан накъостий. Хиина, иза дукха хенахь дуьйна полицехь болх бан лууш хиллийла. ХIинца цо кехаташ гулдан деза балха хIуттуш", - дийцира пресс-векалтерчу белхахоша.
БуьритIехь нах закъалте леца воьллачу стаганна дуьхъьал дов айдина, "нах закхалте лецар" олу бехк дуьхьал а боккхуш.
- Охан-беттан 12-чохь БуьритIерачу полице телефонехула хаам кхечира, вевзаш воцчу стага, туканна чу а иккхина, иза оьккхуйту ша бохуш хьийза, аьлла. Шегарчу тоьрмиг чохь тротил ду, аьлла, закъалте эцна латтийра цо туьканан йиъ белхахо а, пхиъ чохь нисвелла эцархо а. Цуьнгарчу тоьрмиг чохь оьккхучу коьчалх тарйина моттаргIа карийна полицина.