ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу актерана еттар ца талла бина хилла сацам юхабоккхур бу бакъоларъярхойн дехарца


Соьлжа-ГIаларчу театран актерна Дебишев Тимурна тIехь Iазап латтор талламе ца даккха бина хилла сацам юхаэцийта гIертачу бакъоларъярхошна тIетайна Нохчийчоьнан Лакхара кхел. Цо Дебишевн арз юхалистийта хьажийна Охан-беттан 14-чохь.

Амма дехар цхьана декъанна бен кхочуш ца дина Лакхарчу кхело.

"Оха дехнера Старопромыслан кIоштан кхелан сацам юхабаккхар, Лакхарчу кхелехь бинчу талламца боггIу керла сацам тIеэцар. Лакхарчу кхело билгалдаьккхина хьалхарчу инстанцино процессуалан низамаш талхийна хилар, амма боху, ша дан ца оьшу иза, оццу кхело дIанисдан деза шен гIалаташ. Цунах "нехан компетенцеш тIеэцар хуьлу" аьлла (Лакхарчу кхелан суьдхочо), - дийцина "Кавказский узеле" Маннапов Лейсана, "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста.

Цо бахарехь, Дебишевна гIелоярх долчу гIуллакхехь цхьа а хийцам ца хилла тIаьххьарчу хенахь. Цуьнан аьрзнашна дуьхьал уьттазза бина дов цаайдарх болу сацам.

  • Дебишев Тимур болх беш вара Соьлжа-ГIаларчу Оьрсийн театрехь. 2018-яу шеран Лахьан-беттан 12-чу дийнахь Ленинан кIоштарчу полицин декъе а вигина, наркотикаш юхкучу нахаца цуьнан зIе ю, уьш дIабийца шайга, бохуш, гIело латтийна цунна тIехь полисхоша, чIагIдо цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG