ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа керла санкцеш юкъаяьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал: "зулам дохьу гIуллакх дарна"


Пачхьалкхан декхарна а, компанешна а, къайлахчу сервисийн белхахошна а дуьхьал

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юкъаяхарх долчу омрина буха куьг яхдина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена. Уьш хьакхалур ю Оьрсийчоьно арахьоьцучу керлачу пачхьалкхан декхарех а, Оьрсийчоьнан официалан белхахойх а, компанех а. Довзийтина бахьана ду Москвано "зулам дохьу гIуллакх дар". Оцу хьокъехь хаам бо КIайчу цIийнан сайта тIехь.

Американ финансийн институташна доьхкур ду Мангал-беттан 14-чу дийнал тIаьхьа юьхьанцарчу юхкийлехь Оьрсийчоьно арахоьцу пачхьалкхан декхарш эцар. Дуьхьало ю хьакхалуш деккъа цхьана Центробанкера, Халкъан хьалтодаран фондера, финансийн министраллера ечу эцарех. "Оцу гIулчо бакъо ло, эшна меттиг ягIахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна Оьрсийчоьнан декхарна дуьхьал йолу санкцеш шоръян", – билгалдоккху КIайчу цIийнан документо.

Байденан администрацино официалехь дуьххьара яьккхина, исторехь уггаре доккха кибер-тIелатар динарг а лоруш, Оьрсийчоьнан дозанал арахь къайлах зераш дечу урхаллин цIе. Дипломатийн бакъонех пайда а оьцуш, къайлахчу сервисашна болх бен итт Оьрсийчоьнан векалтан белхахо махкахваккха мега Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна гIодарца билгалъяккхина санкцийн тептаро Оьрсийчуьра 6 технологийн компани.

Иштачаралахь ю тIеман министралло шен хьашташна гергаоьзна йолу доларчу а, пачхьалкхан а компанеша шеца болх бен "ЭРА" технополис. Йисина компанеш ю информаци Iалашъярехь, IT-инфраструктурин аудитехь, кибер-кхерамна дуьхьалоярехь болх бийраш. Царалахь ю пачхьалкхан Iилман-технологийн "Спецвузавтоматика" институт а, кхушара Москварчу биржехула 4 миллиард долларна бахам бохка кечлуш хилла Positive Technologies компани а.

Шорйинчу санкцийн могIара язбинчу нахалахь ву Путин Владимиран пресс-буьйранча лаьттина Громов Алексей. Президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан даржехь ву иза карарчу хенахь. Хаамийн гIирсаша дуккха а яздина, кхиболу белхаш бар доцуш, Кремльна хьалха телегойтилех жоп луш а, пачхьалкхан телеканалашна финансаш ялар а цо къастош хиларх лаьцна.

Громов тептара язвина, КIайчу цIийнан информацица, "харжамашна юкъагIертачу Кремлан медиагIирсех" жоп луш волу даржахо санна. Харжамашна новкъарло йина хила тарлучийн могIарахь санкцешна буханисйина совдегарца Пригожин Евгенийца йоьзна хила тарлуш йолу, дукха нах хьовсуш а йоцу йиъ портал а, масех компани а, даржхой а (билгалдаьлла Пригожин шена хьалха кхайкхийначу санкцех мукъавала гIерташ хьийзар а).

Цул сов, керла бехкамаш юкъабаьхна Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси ечу кампанехь дакъалаьцначу наханна дуьхьал а. Тептарахь ву Оьрсийчуьрчу Iедало ГIирмин бахаман министр хIоттийна даржахо а, регионерчу ницкъаллин урхаллийн масех куьйгалхо а. Чубоьхкинчул тIаьхьа, дукха хьолехь, шайх политикан тутмакхаш лору нах чуоьцу ГIирмера талламан №1 изолятор а ю санкцийн тептарахь.

ГIирма бахьанехь санкцеш тоьхначу компанешлахь ю ГIирмин тIайна тIе боьлхучу аьчка некъашна документаш кечдинарш а, и некъаш бинарш а, церан могIаршка язвина тIай тIехь белхаш латтабечу "Мостотрест" компанин директор Рыженькин Леонид а.

Санкцеш хьахаеллачул тIаьхьа, Москвара биржа еллалуш, дуккха а лахбелла соьман мах. Дийнахь кхо сахьт даьлча Москвахь доллар соьмал сов дазделира, евро – цхьа сом ах сом гергга. И ши валюта кхаьчна 77,08 а, 92,26 а соьме.

  • Путин а, Байден а цхьаьнакхета кечлучу кху муьрехь Вашингтоно сацо беза Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кечъеш бен болх, дIахьедира хьалхо Москварчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалца Салливан Джонца къамел деш Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гIоьнчас Ушаков Юрийс. Ши президент цхьаьнакхета везаш хилар дIадахначу кIиранах хьахийнарг ву Байден. Вовшахкхета меттиг а, хин долчу къамелан тема а евзаш яц цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG