ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кхо дипломат махкара араваккха йоллу Польша


Варшавера Оьрсийчоьнан векалт
Варшавера Оьрсийчоьнан векалт

Оьрсийчоьнан векалтан виъ белхахо нон грата кхайкхийна Варшавехь еарин дийнахь. Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамца, цара ден гIуллакхаш ца догIура дипломатин статусца, зулам дохьура Польшина.

Еаарин дийнахь Польшин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхина вара Оьрсийчоьнан векал. Цуьнга хаийтина, Вашингтоно а, цуьнан уьйраша а, Оьрсийчоьнан гIулчаш агрессин могIара а йохкуш, Варшава Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Москвана кхайкхийначу санкцешна тIетовш хилар. Польшин Iедало къаьсттина тидаме эцна Цхьаьнатоьхначу Штаташа шена Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дина боху кибер-тIелетарш. "Оцу тIелетарийн тIаьхьало Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна юстах а хаало, цхьана декъанна, Европерчу пачхьалкхашкахь а", – аьлла ду Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло дина дIахьедар.

Кхидерг доцуш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа сацам бина пачхьалкхерчу Оьрсийчоьнан векалтан 10 белхахо махкара араваккха, боху КIайчу цIийнан хаамо, царех цхьа дакъа ду, дипломатийн статусах пайда а оьцуш, къайлахчу сервисашна болх беш хилла нах.

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн къастамна шаьш тIетовш хилар довзийтина цуьнан кхечу агIончаша а, масала, Британино. Оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхира Оьрсийчоьнан векал.

Польшин дIахьедар Оьрсийчоьнан официалерчу векалша лору "бакъволчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн вассалан", Вашингтоно дийриг бакъдеш,"тIе «Iаьнц» олучу сателлитан" гIулч.

Европан Бартан мехкашлахь Оьрсийчоьнан Iедална цхьана эшшара шога критика ечех ю Польша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG