ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахмановна тховкIело ца яла бина сацам юхатоллур бу Германино. Иза вен гIоьртира хьалхо


Абдурахманов Мухьаммад

Германерчу Аугсбург гIалин административан кхело тIекарло йина Нохчийчуьрчу эмигрантан, бакъоларъярхочо Абдурахманов Мухьаммада шена пачхьалкхехь тховкIело ца яла бинчу сацамна дуьхьал яздинчу орзанна.

Аугсберган кхелан сацамца а догIуш, Германин федералан миграцехула а, мухIажарашкахула а йолчу урхаллин (BAMF) декхар ду Абдурахмановс а, цуьнан доьзало а тховкIело йоьхуш дина дехар юхалиста. Цул хьалха Германино шозза дуьхьалойина царна тховкIело кхачорца, хаам бо "Немцойн тулгIено".

Абдурахмановс тховкIело шена ялийта "керла бух" ца балийна аьлла бара Iедало цуьнан дехар юхатоттуш бина тIаьххьара сацам. Амма адвоката довзийтина хийцаделла хьелаш, цхьана декъанна аьлча, ша юридикан Iуналле эцначунна 2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь кIело ян гIортар.

  • Зазадоккху-баттахь кIелоярца доьзна гIаттийна бехктакхаман дов толлуш ю зуламийн гIуллакхашкахула йолу федералан урхалла (BKA) а, Германин федералан прокуратура а. И тIаьххьарниг декъаозало кхин пачхьалкх зуламна бехкехиларх шеко иккхича.
  • Абдурахманов Мухьаммад ваша ву оппозицерчу ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон. Цо дийцарехь, цуьнан ваша вен араваьккхинарг ву Эдельгириев Пахрудди – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича.
  • Абдурахмановна тховкIело ца яла сацам бира Байройтерчу кхело цунна кIело йинчул тIаьхьа. Оцу юкъанна, Аугсберг гIалин кхело буьззина тIерабаьккхина цунна видеогайтамашна а, Deutsche Welle газетан материална а цо шен фейсбук-аккаунтехь репост ярна тIебаьхьна хилла бехк.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG