ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан совгIатан лауреаташа Навальныйна медицинан гIо кхачор доьху Путине


Литературехь Нобелан совгIатан лауреат волчу пхеа яздархочо а, цаьрца цхьаьна синмехаллаш кхолларца дуьнентIехь гоьбевллачу а наха диллина кехат хьажийна Оьрсийчоьнан президенте Путине оппозиционерна Навальный Алексейна медицинан гIо кхачор доьхуш. Текст ю Le Monde газетан зорбанехь, буха куьйгаш яздина 70 яздархочо а, публициста а, суртдиллархочо а, Iилманчаша а, музыканташа а.

Дехардинчаралахь бу цхьацца шерашкахь литературехь Нобелан совгIат делла яздархой Кутзее Джон, Алексиевич Светлана, Глюк Луиза, Мюллер Герта, Памук Орхан. Уьш боцуш, дехар хьажийнарш бу – Radiohead тобанера эшаршлакхархо Йорк Том, Пулитцеран совгIатан лауреат Шпигельман Арт , актераш Фрай Стивен, Камбербэтч Бенедикт, Духовны Дэвид, яздархой Стоппард Том, Дж.К.Роулинг, Каннингэм Майкл.

Набахтехь кхобучу Навальныйс мацалла лаьцна, шена тIе лоьраш бита боху, иза, муьлххачу а Оьрсийчоьнан вахархочун санна, цуьнан бакъо ю, яздо кехатан авторша. Цара доьху Путине, иза адамийн бакъонийн гарант хиларе терра, Навальныйга цуьнан бакъо дIакхачор. Кехата тIехь юьйцу тутмакхо ловш йолу симптомаш. Навальныйн политикан дахарх лаьцна а яздо авторша.

Навальныйга хьовсучу лоьраша пIерасканна диллина кехат хьажийна Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхаллин директоре Калашников Александре Владимир-махкарчу №2 колонехь латточу оппозиционерна шаьш сихха тIедитар доьхуш. Кехат зорбане даьккхина "Новая газето" шен сайтехь.

Шайн дехар лоьраша дузу Навальныйн зуьйш бинчу "лабораторин талламаша хьал вуно телхаш хилар" гайтарца. Цара бахарехь, могашалла вочу хьоле кхочуш лаьтта тутмакхан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG