ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс кхеле елла ИК-2 колони, шега деша Къуръан ца даларна


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Владимиран кIоштан Покров гIаларчу №2 колонехь латточу оппозиционеро Навальный Алексейс кхеле белла оцу учрежденин куьйгалхой. Политико дийцарехь, цуьнан бахьана ду шена еша книгаш луш ца хилар, ша аьлча бусалба наха сийлахь лору Къуръан цадалар.

Оцунах лаьцна Навальныйс хаам бина шен инстаграмерчу агIонехь. Оппозиционера чIагIдо, ша чувоьллина латточура Къуръан а, Пайхамаран Сунна а Iамо а, царах кхета а дагахь вара ша бохуш.

"Со кхуза цхьа бутт хаьлха веъна, сайца дуккха а книгаш еъна ас. Уьш сайга схьалахьара аьлла дехнера ас. Амма хIинца а цхьа а ца елла соьга. ХIунда аьлча уьш ерш а талла езаш ю, экстремизм ю-яц къастош, шайна юкъахь Къуръан а долуш. "Экстремизм хила мегаш хиларна талла" уьш езарна ца ло. Иза дан оьшур бу кхо бутт", - аьлла ду Навальныйн постехь.

Политика чIагIдо, колонин белхахой талла дагахь хиларх лаьцна хIора книга, шайна юкъахь Къуръан а цхьаьна. Навальныйс дийцарехь, цхьа бутт а бу иза оцу хьокъехь дийцарш дIахьуш волу, книгаш йоьхуш.

Хьалхо хаам баьржнера, колонин администраци кхерамаш туьйсуш ю мацалла хьоьгуш волу цхьа кIира а долчу Навальныйна, шаьш цунна нуцкъала кхача баар бу бохуш.

  • Навальный лецира, шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа Германехь дарба а дайтина, цIакхоччушехь. Москварчу Симоновскийн кхело цунна 2013-чу шарахь цIахь такха тоьхна хан набахтин хьесапе яьккхина Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхаллин (ФСИН) дехарца.
  • Урхалло оппозиционер бехкевира кхело кхайкхийна хилла хьелаш лар ца дарна, амма Навальныйс иза харцдо. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIедожийна, цуьнан аьрзнаш кхелийн инстанцешкахь листина довллалц, иза мукъавитар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG