ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исс машарбархо вийна белорус виллина набахтехь валло сацамбина Парижерчу кхело


Парижехь кхело оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба кхачийна 9 фрацхо-машарбархо вийна Беларусан вахархо Сушкин Юрий. Кот-д’Ивуарехь чоьхьара тIом боьдучу хенахь, 2004-чу шеран Лахьан-баттахь, Су-25 кема лелош хилла иза, бомбанийн-ракетийн тохар дина цо францойн тIеман базина.

Кхел лаьттина кхаа кIиранах, чекхъяьлла Охан-беттан 15-чохь. Сушкин а, цуьнца цхьаьна кхеле озийна волу ивуарийн тIеман хIаван ницкъийн ши эпсар а ца хилла шайна ечу кхелехь, уьш тIехь а боцуш бина сацам. Уьш бехкебина Буаке гIалахь лаьттинчу тIеман куьпанна тохар дарна. 10 стаг велла хIетахь – Францойн 9 машарбархо а, Америкера гуманитаран миссин белхахо а, лазийна 38 стаг.

Зулам дина масех сахьт даьлча Францин президентан Ширак Жакан омрица фрацхойн кеманаш тIелетта Кот-д’Ивуаран коьртачу Ямусукро гIаларчу аэропортанна, хIаллакйина пачхьалкхера ерриг а тIеман авиаци. Цигахь дохийна Беларусин эскарера эцна, ивуарийн эпсарша а, оьрсийн мотт буьйцучу камботанташа а лелош хилла ши кема.

Кхелехь тоьшалле кхайкхина вара 90 сов теш, шайлахь Францин тIеман министр лаьттина Аллио-Мари Мишель а, арахьарчу а, чоьхьарчу а гIуллакхийн министраш Iийна Барнье Мишель а, де Вильпен Доминик а, пачхьалкхан арахьарчу къайлахчу сервисах жоп луш хилла а, кхиболу а куьйгаллехь хилла нах а болуш, дуьйцу Дуьненаюкъарчу францойн радионо.

Амма кхелан аьтто ца баьлла оьрсийн мотт буьйцу шолгIа пилот вовза а, францойн базина тохар дан омра динарг билгалваккха а, Францин эпсарша инцидент иккхина масех де даьлча лаьцна хилла 8 беларус, Сушкинца цхьаьна, дIа стенна хецна а хаа. Ца хаьа Парижерчу кхелана Сушкин карарчу хенахь стенгахь ву а.

Францин агIонан версица, авиатохар дайтина хилла Кот-д’Ивуаран президентан Гбагбо Лоранан националистийн гоно, колони лаьттинчу шайн махкара Францин ницкъаш дIабахийта. Шайн чоьхьарчу конфликтна юкъагIортарна Париж бехке лоруш хилла республико, арабахийта гIиртина махка баьхкина машарбархой.

Адамаллина дуьхьал зулам дарна исторехь дуьххьара Дуненаюкъарчу бехктакхаман келе кхаьчначу пачхьалкхан куьйгалхочо-политика тIе ца эцна шена бехк. Талламна динчу дарешкахь цо аьлла, ша даржера вохорхьама Парижо дайтина тохар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG