ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн тоьшалла: Навальныйн могашалла боккхачу кхерамна кIел ю


Набахтехь шена тIе лор цавитарна мацалла кхайкхийначу оппозиционеран Навальный Алексейн могашаллах сагатдечу лоьраша социалан машанашкахула йовзийтина цуьнан цIийн анализ, хаам бо Би-Би-Си радионо.

Лоьро Васильева Анастасияс тоьшалла до Навальныйн цIийца калий сов хиларх – дог сацарна кхераме ду иза.

Социалан машанашкахь шорлуш бу тутмакхна Навальныйна сихха медицинан гIо кхачор доьху кхайкхамаш.

  • Навальный набахте хьажош кхело бина сацам низаме бирзина а бац цкъачунна, амма цунах иза аппеляци йина а валале тутмакх вина. Оцу тIе тидам бохуьйту Би-би-си-н Оьрсийн сервисо.
  • Навальныйна цIахь токху хан (2014-чу шарахь "Ив Роше" гIуллакх луьстуш тоьхнера цунна иза) Москварчу Замоскворечьен кхело набахтех хуьйцуш бина сацам кхочушбеш ю Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхалла. (ФСИН). И сацам низаме бирзина Чиллан-беттан 20-чохь – Навальныйн арз тIе ца ийцира Мосвка гIалин кхело.
  • 20-чохь кхело Навальныйс тIеман ветеран сийсазварна гIуда а тухуш, хьалхо "Ив Роше" гIуллакхца доьзна тоьхна 2,5 шо хан набахтехь яккха а къастош, ден таIзар керлачу сацамах а дузуш, кхайкхийна "цхьаьнатоьхна сацам" аппеляце белла Навальныйс. И аппеляци листа дезаш ю Москварчу Бабушкино кIоштан кхелерчу куьйгалхочун гIовс Курышева. Навальныйс гIуллакх оцу кхеле чудала диъ де дуьсуш, оцу дарже хIоттийна суьдхо Курышева Наталья президентан Путин Владимиран федералан суьдхойх долчу омрица.
  • ПIераскана, Охан-беттан 16-чохь, 321-чу декъарчу кхеле кхаьчна бутт болалуш Навальныйн адвокаташа чуделла арз. Оццу дийнахь и арз дIаделла Курышевага. Кхелан сайтехь боху, ладегIарш хир ду Охан-беттан 29-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG