ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIантана боксах леташ дIабелла шеконе толам (+видео)


Нохчийчоьнан куьйгалхо шен вешин кIантаца Хьамзатца а, шен воIаршца а
Нохчийчоьнан куьйгалхо шен вешин кIантаца Хьамзатца а, шен воIаршца а

Дуьненаюкъарчу боксан турнирехь латаршкахь дакъалоцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана, 13 шо долчу Адамна толам дIабелла, цуьнца тасалург цунах лата воьлча. "Матч!"Боец" телеканалехь гайтинчу латарх видео "ВКонтактерчу" социалан машанехь яржийна. Цу тIехь гуш ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантах летачу, ГIебарта-Балкхаройчуьра Биттиров Аслан масийттазза тIелатар до Адамна, коьртах а цхьана етташ. Оцу мIаьргонехь рефферис цIеххьашха бехкаш доху Биттировгара.
Цул тIаьхьа боксеран секунданто ринга тIе гата а ластош, иза эшна хилар дIакхайкхадо. Биттировс куьйгаш дIаса а дохуьйтуш, шен цецвалар гойту.

Реферин сацамо, дIакхайкхийначу жамIаша а цецвоккху "Матч! Боец" телеканалан комменатор а. "Бакъдерг аьлча, кхеташ хIума дац", олу цо эфирехь.

Билгалдаккхарехь, "Время Легенд 6: Спецоперация" цIарца вовшахтоьхна дуьненаюкъара турнир хилира Соьлжа-ГIалахь. Хьовсархошлахь вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Латарш дирзинчул тIаьхьа "Грозный-информ" портало яздира, Кадыров Адама "цхьа а шанс ца йитира шеца леташ волчунна", аьлла.

Карладоккху, 2017-чу шарахь Соьлж-ГIалахь йоьдучу боксехь пачхьалкхан "Матч ТВ" канало леташ гайтира Кадыров Рамзанан кхо воI: хIетахь 11 шо кхаьчна Ахьмад а, 9 шо долу Адам а, 10 шарера ваьлла Зеламха-Iела а.

"Сан хьомсарчу вешин бераша - Ахьмада, Iелас а, Адама а - толамаш баьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочун, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Рамзан Ахматовичан совгIат къовсучу Оьрсийчоьнан боксан чемпионатан чаккхенгахь леташ», - яздира шен инстаграмехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Ткъа цул а массех бутт хьалха скандал иккхира Соьлж-ГIалахь хIиттийначу берийн летаршна гонах. Кадыровн бераш а дара цигахь дакъалоцуш. ММА-н юкъараллин куьйгалхочо Емельяненко Федора емалдира бераш летийтар, ткъа оцу реакцино огIазбахийтира Кадыровн го.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG