ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин 20 дипломат шайн пачхьалкхера араваккхарх дIахьедина Оьрсийчоьно


Москвара арахьарчу гIуллакхийн министраллан гIишло
Москвара арахьарчу гIуллакхийн министраллан гIишло

КIиранан дийнахь, Охан-беттан 18-чохь, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло тIекхайкхинера шайн пачхьалкхера Чехин Республикан посол Пивонька Витезслав. Прагерчу Оьрсийчоьнан дипломатин миссица мостагIаллица лелийначунна дуьхьал шаьш протест кхайкхош хиларх дIахаийтина цуьнга.
Пивонька Витезславе хаам бина, Москварчу Чехин векалтера 20 белхахо шаьш "персона нон грата" дIакхайкхорах. Тахана, Охан-беттан 19-гIа де чекхадалале Оьрсийчоьнан дозана тIера дIабаха безаш бу уьш.

Де хьалха Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллас дIахьедира: "Чехин Iедалхоша цкъа а ца хиллачу кепара сацам тIеэцна, Оьрсийчоьнан векалтан 18 белхахо махкара аравоккхуш, Врбетицерчу тIеман базан гIишлошкахь динчу лелхийтаршна оьрсийн къайлаха сервисаш бехке ю аьлла, тешалла доцучу, шайггара кхоьллинчу бахьанашца. Абсурде хIума ду, хIунда аьлча, динчу лелхийтаршна Чехин Iедалша хьалхо бехк тIебожийнера оцу гIишлойн урхалла дечу фирмашна", аьлла.

Шаьш дуьхьал жоп лур ду аьалла, хаам бира Оьрсийчоьно Чехин пачхьалкхан урхалле, "вайн шина пачхьалкхна юкъара эвсара кхиаме йолу юкъаметтигаш йохорах доллу жоьпалла оцу провокаци йинчарна шайна тIехь дуйла дIахаийтархьама" аьлла, билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан МИД-ан дIахьедарехь.

Чехехь жигара дийцарш ду долийна, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш динчу лелхийтаршна бехке хиларх бинчу хаамашна тIехула. Оьрсийчоьнехьа узуш къамелаш дарца гоьваьлла Чехин президент Земан Милош, хаам барехь, тIетайна Iедалхоша лелочунна, ситуацех цхьа а комментари а ца луш.

Кху деношкахь Чехин премьер-министро а, арахьарчу гIуллакхийн министро а дIахьедира, 2014-чу шеран ГIадужу-баттахь а, ГIуран-баттахь а Врбетицехь герзаш кхобучу меттигехь лелхийтарш дарна Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш гунахь ю аьлла. ХIетахь ши стаг вийра оцу лелхийтаршкахь. Чехино арабоху бахархой, чIагIдарехь, къайлахчу сервисийн белхахой бу.

Оьрсийчоьнан агенташа йинчу диверсех Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн кхеташонехь дийцаре даккха Iалашо хиларх дIахаийтина Чехино. Прагана тIетайна цуьнан агIончаш - НАТО, шайлахь Американ Цхьанатоьхна Штаташ а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG