ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даьржинчу хих тера бюджеташ: Москвара хьежочу ахчанаша къен хиларх кIелхьара ца йоккху Кавказ  


Оьрсийчоьан федерацин финансийн министраллан 1иманан-талламан институтан говзанчаш лаьрра 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан субъектийн бюджетийн схьайиллина хиларна. Къилбаседа Кавказера регионаш оцу гайтамехь дукха лахарчу меттигашкахь ю.

Уггар гIийлачу категорина юкъаяхна кхо регион. Царах шиъ Къилбаседа Кавказера республика ю – Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь, ткъа кхоалгIа ю Чукотка.

Царах хIораммо а 20% лахара баллаш гулйина уггар дукха хIотто мегачех. Ган а, талла а аьтто болуш хьалхарчу меттехь нисйелла Краснодаран мехкан бюджет – 95%. Оццу категорина юкъаяхийтина талламчаша Адыгей а (82%).

Финансийн министраллан эксперташа мах хадийра бюджетах лаьцна болу хаамашна тIекхача аьтто хила 9 категорица. Царна юкъахь бара цкъа дуьххьара тIеэца кечйина хиллачу бюджетах хаам, цунна тIехь бина хийцамаш, шо юккъе даьлча а, иза чекхдаьлча а бюджет кхочуш йинчу отчеташна а.

Оцу категорешна юкъахь уггар коьртаниг эксперташ лаьррера отчет а, цуьнан проекта а массарна а схьаяьстина хилар. ХIора категорина 139-ннах 28-на тIекхаччал балл хIотто таро яра.

Финансийн гIо оьцуш дукхаха йолу регионаш елахь а, билггала Къилбаседа Кавказерчу республикашка дохьуьйту ахча ду Оьрсийчуьрчу бахархошна а гуш а, цара критика ярца хьехош а

2019-чу шарахь хиллачу жамIаша гойту, территорешна юкъахь уггар хьулйина бюджет хилларш изза кхо регион а, ткъа иштта Тыва Республика а хилла хилар.

Центро луш йолу юха дIаяла езаш йоцу дотацеш коьрта хаттар ду тайп-тайпачу регионаша къуьйсрш. Финансийн гIо оьцуш дукхаха йолу регионаш елахь а, билггала Къилбаседа Кавказерчу республикашка дохьуьйту ахча ду Оьрсийчуьрчу бахархошна а гуш а, цара критика ярца хьехош а

Иштта цхьана хенахь дукха хьехориг яра "Тоьар ду Кавказ кхаба!" (Хватит кормить Кавказ!) боху лозунг. Оцу кампанин декъашхоша кхайкхамаш бора лахдан я данне а дала ца оьшу Къилбаседа Кавказана ахча бохург.

Дукха хан йоццуш Оьрсийчуьрчу эксперташа юха а тIе тидам бахийтира Дагестанна а, Нохчийчоьнна а 2020-чу шарахь дина финансийн гIо алсамдаларна. И ши республика ю Оьрсийчохь ахчанца гIо дарца шолгIа а, йоьалгIа а меттигаш дIалоцуш, кхечу регионашна алсам зен хиллехь а, пандеми а, экономикан кризис а хилар бахьана долуш.

Къилбаседа Кавказерчу республикаша шайн бюджеташ хьулъяран бахьана хила а мега, шайна даийтинчу ахчанан терахь цагайта лаам хиларца, хIунда аьлча оцу бюджеташкахь, кхечу хаамашца цхьаьна, гайтина хуьлу нисса Москвара схьадаийтина ахча.

Хила там бу шайн белхан декхарш кхочуш дарехь даггара болх беш боцу Iедалхой лууш ца хилар, нахана хаийта мича хьажош ду бюджетера ахча бохург, дуьйцург вуно даккхийн терахьаш хилча муххале а.

Масала, юьхьанцара тIеэцна Дагестанан 2020-чу шеран бюджет яра 139 млрд сом. Цуьнах 105 млрд дара бюджетан чоьхьара трансфераш, Оьрсийчоьнан федералан бюджетера схьйогIуш йолу. ТIаьхьо оцу трансферийн терахь алсамдаьккхира масех миллиардана.

Оццу шарахь хин болу пайда тидаме а оьцуш, 43 млрд соьмах лаьтта бюджет тIеийцира Къилбаседа ХIирийчохь, царах дотацеш яра 31 млрд барам болуш (около 7I%).

Цу кеппара сурт дара Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь а. ГIебартой-Балкхаройчохь 2020-чу шарахь бюджетан барам хила безаш бара 39 млрд сом, шена юкъахь 27 млрд сом дотацеш а йолуш (69%). Кхарачой-Чергазийчоьнан бюджет яра 32 млрд соьмал а тIехэккхаш. Цуьнах 26 млрд сом дара Москвара даийта дезаш (80%).

ГIалгIайчоьнан бюджет леринера 35 млрд сом. Цу терахьах 30 сов млрд сом дара Москвара схьа республике даийта дезаш (86%). Нохчийчохь 107 млдрд соьмана хIоттийна яра бюджет, царах дотацеш яра 93 млрд сом (87%) барамехь. Адыгейн бюджет х1оттийнера 31 млрд сом, цунах 20 млрд (65%) юха дала оьшуш доцу Москвара дийр долу гIо а долуш.

ГIебартой-Балкхаройчоь цхьана вахархочунна бюджетера ахча дайаран барамца лаьтташ ю тIаьххьарчу меттехь

Оцу бюджетийн терахьаша Iехо а мега, хIокху я кхечу республикан токхонан мах хадош, хIунда аьлча, лоруш йоцун дела цхьацца факторш, шайна юкъахь бахархойн терахь а, тIедогIучу рицкъан тIегIа а, мехаш а, кхин ерш а йолуш.

Масала, хIора вахархочунна бюджетера ахча дайъарца 2020-чу шарахь хьалхара меттигаш дIалоцуш яра Генарчу Къилбаседара а, Генарачу Малхбалера а кIошташ а, ткъа иштта Москва а, Санкт-Петербург а.

Оьрсийчохь цхьана вахархочунна бюджетера уггар дукха ахча дойъург ю Чукотка – 800 эзар сом шарахь. ШолгIачу меттехь бу Ямало-Ненцийн автономин го, цигахь дойъу хIора вахархочунна 450 эзар сом. Москва 5-чу меттехь ю – 250 эзар сом хьажадо бюджетера хIора вахархочунна. Дусташ аьлча, ГIебартой-Балкхаройчоь цхьана вахархочунна бюджетера ахча дайаран барамца лаьтташ ю тIаьххьарчу меттехь. 41 эзар сом бен ца дойу цигахь бюджетера шарахь цхьана вахархочунна.

Чакхенера хьала лаьрча Ставрополан мохк а, Дагестан а ю кхоалгIачу а, йоьалгIачу а меттехь: 44 эзар сом - Ставрополан махкахь, 45 эзар сом - Дагестанехь. Нохчийчохь 2020-чу шарахь хIора стагана бюджетера хьажийначу ахчанана барам бу 68 эзар сом. Иза уггар гIоле гайтам бу Къилбаседа Кавказерчу республикашна юкъахь.

Таро йолчу регионашкара хьелаш къен регионашка дохьуьйтуш хIоьттина сурт гIолечу даккха Iедалш гIертахь а, Къилбаседа Кавказ хьалха санна юьсуш ю Оьрсийчоьнан федерацин уггар къен макрогеонех цхьаъ. Бюджетан процессана терго латто вуно ледара аьттонаш бу юкъараллийн, цунна Iаткъам бан гIортар дуьйцуш а дац. Оцу хелашкахь регионашна юкъахь нийсо цахиларца хIоьттина хьал гергарчу хенахь дIанисдийр ду ала хала ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG