ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 24 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 279.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 стаг велла коронавирусах, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь – 3, ГIалмакхойчохь - 2, Нохчийчохь а, ГIебарта Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина.
Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву COVID-19 уьнах 9 090 вахархо.
Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Краснодар-махкахь, кIеззиг бу ун даьлларш ГIалмакхойчохь.
Краснодар-мохк̆ + 99 (44 472 – ун даьржичхьана)
Дагестан + 45 (31 904)
Ставрополан кIошт̆ + 40 (52 115)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 29 (23 501)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 12 (19 936)
ГIалгIайчоь + 12 (15 318)
Нохчийчоь + 12 (11 887)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 11 (16 625)
Адыгей + 10 (14 319)
ГIалмакхойчоь + 9 (20 298)
Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 коронавирус гучуяьлла 250 375 стагехь.
Ерриг Оьрсийчохь и терахь Охан-беттан 20-чу денна ду, Оперативан штабо бахарехь, 4 718 854 *.
Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмерчу хьолах долу терахьаш.