ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчуьрчу журналистана Бадмаевна таIзар дина репост ярна


Бадмаев Валерий
Бадмаев Валерий

Навальный Алексейн агIончаша дIакхайкхийначу акцех лаьцна информацина репост ярна лаьцначу "Современная Калмыкия" газетан коьртачу редакторна Бадмаев Валерийна 40 сахьтехь белхаш бар тIедожийна Элистарчу кхело. Iедалхошкара пурба доцуш Охан-беттан 21-чохь кхайкхийначу митингехь дакъалаца кхайкхам бина цо аьлла кхелахоша, оцу дийнахь цхьана а кепара нах вовшахбетталуш барамаш Элистахь хилла боцушшехь, яздо "Кавказский узел" интернет-гIирсо.

"40 сахьтехь соьга белхаш байта сацам бина кхело "шолгIа а митинг вовшахтохаран а, дIаяхьаран а къепе йохорна" аьлла. Со бехке вина митинг вовшахтохарна, оцу юккъехула чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало кхелехь тIечIагIдира, Элистахь тахана цхьа а митинг хIоьттина яц аьлла. Ас хаьттира суьдхочуьнга: "Суна кхел стенна еш ю?". Жоп ца делира", - аьлла, дIахьедина Бадмаевс.

Навальныйн агIо лоцуш йоллу Оьрсийчохь дIаяхьа кечъеш митингаш хиларх информацина репост яр ду дуьйцург. Охан-беттан 19-чохь Бадмаевс шолгIа пост хIоттийра, 21-чохь Элистан коьртачу майдана вала дагахь ву ша аьлла.

ГIалин кхелехь латкъам бан дагахь ву журналист суьдхойн сацамна.

Хьалхо хаамашкахь яздора, Элистахь "Современная Калмыкия" газетан коьрта редактор Бадмаев Валерий лацарх. Журналист а, юкъаралхо а бехкевора оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа Iедалхошкара бакъо йоцуш хIотточу митинге кхийкхарна.

Кху деношкахь ГIалмакхойчоьнан прокуратурано официалехь дIахьедира, Охан-беттан 21-чохь Навальныйн штабо кхайкхийна йолу митинг дIаяхьа Iедалхоша пурба делла цахиларх.
Оппозицин политикца боьзна боцчу, Элистахь бехачу жигархоша хаамаш бора, шайн цIа бакъоIалашъяран органийн векалш бахкарх.

Охан-беттан 21-чохь Къилбаседа Кавказерчу масех гIаланашкахь Навальный Алексейгахьа акцеш дIаяьхьира. Масала, Краснодаран кIоштахь майдане бевлира ши эзар сов бахархой. Кубанехь лецира 80 сов стаг, царех дукхахберш Сочера хиллера.

ХIинжа-ГIалахь митингна гуллучохь иттех стаг сацийра. Ростовхь митинге бевлира бIеннаш. "Тхо лайш дац!", "Вохаве паччахь", "Полици халкъаца хила еза" бохуш, маьхьарий деттара цара.
Ставрополехь 70 гергга Навальныйн агIончаш гулбелира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG