ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов гIалара Навальныйн штабан лидер лачкъийна


Навальныйн штабан Ростов гIалара координатор зIене йолуш яц, яхначу буса ша лацарх а, шена тIехь ницкъ барх а хаамаш твиттерехь битинчул тIаьхьа. Середкина Ксенияс яздира орца доьхуш хьалхо, масех стага, стенга юьгу а ца дуьйцуш, дIаюьгуш ю ша аьлла.

ТIаьхьо хаам бира цо, ша дIахецна, гIаш Широчанкехула (Краснодаран кIоштара эвла ю иза, Середкина ехачу Ейск гIалина итт километар дехьа йолу) дIайоьдуш ю аьлла. Кхин а цхьа сахьт даьлча сурт зорбане даьккхира цо, шен куьйг гойтуш: "Резинин чхьонкар кийра яхийта гIертара уьш суна, хIоразза а ас дуьхьало йора, тIаккха сан пхьарсах сиз доккхура цара" аьлла, йоза а деш.

Цул тIаьхьа дуьйна Навальныйн штабан координатор зIене йолуш яц.

Телефонаш еттарх жоп луш а яц иза а, кхин болу штабан жигархой а, хоуьйту Кавказ.Реалиин корреспонденто. Хууш дац, Середкина стенна лачкъийна а, стенгахь латтош а ю а.

Охан-беттан 19-чохь Середкина Ксениян петар чу бовла гIоьртира полисхой. Масех сахьтехь неI йиттира цара, амма жигархочо ца йиллира неI. Иза тешна яра, Навальныйгахьа кхайкхийначу акцица доьзна уьш баьхкина хиларх.

Ростов-ГIалахь Охан-беттан 2I-чохь митинг хилале хьалха лецира оппозиционеран штабан ши жигархо - 22 шо долу Верещагина Екатерина а, 24 шо долу Кобзев Вадим а. Хулиганалла лелорна бехкебира уьш.

Ткъа Охан-беттан 21-чохь хIоттийначу акцехь лецира Ростовхь 12 стаг. Административан артиклашкахь лаьцна витина царех ворхI 7 а, 13 а денна. Царна а бехке диллина хулиганалла лелор а, къепе йохор а, полисхоша бохург ца дар а.

Йоллу Оьрсийчохь Охан-беттан 21-чу дийнахь хIиттийначу акцешкахь лецна ши эзар гергга жигархо. Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьира миитингаш: Ставрополехь а, Пятигорскехь а, Краснодарехь а, Сочехь а, Армавирехь а, ХIинжа-ГIалахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG