ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа-ХIирийчоьнан хиллачу куьйгалхочун кIанта кхерамаш тийсар толлур ду


Мазаев Тимур а, Ossetia News ресурсан журналисташ а
Мазаев Тимур а, Ossetia News ресурсан журналисташ а

Ossetia News хаамийн гIирсан журналисташна мехкан куьйгалхочун Битаров Вячеславан кIанта тийсинчу кхерамашна тIехула талламаш болийна Къилбаседа ХIирийчуьрчу Талламан комитетан урхалло. "Кавказский узел" интернет-ресурсо бина цунах лаьцна хаам, коьртачу редакторна Мазаев Тимурна тIетевжина.

"Полицига хаам ца бина ас, амма хIинцале а и гIуллакх листа йолаелла Талламан комитет. Суна ма хеттара, кхерамаш тийсарх информаци зорбане яьккхича, терго йина хиллера цара, баркалла царна. Цкъачунна беш талламаш бу, цул тIаьхьа хьесап дийр ду цара бехкзуламан гIуллакх доло эшахь а, ца эшахь а", - аьлла Мазаевс.

Къилбаседа-ХIирийчоьнан Талламан комитетан урхаллан сайтехь цкъачунна хаам бац бина, шаьш гIуллакх толлуш хиларх. Информаци яц цунах лаьцна йа Талламан комитетан коьртачу урхаллан сайтехь а.

Кху кIиранах зорбанашкахь яржийра, ша Битаров Зеламхо ву бохучу стага телефонехула Ossetia News гIирсан журналисташна кхерамаш туьйсуш, телефонехула динчу къамелан аудио. Шен сурт а дуьллуш пост хIотторна журналисташна бекхам бийр бу ша боху цо. Къилбаседа-ХIирийчоьнан хиллачу куьйгалхочун кIант а, ЛДПР-партин лидеран Жириновский Владимиран воI а Москварчу аэропортехь латарх лаьцна яра и пост.

Ша коьртеш а дохур ду, церан хIусамаш а ягор ю доьзалшца цхьана бохуш, Ossetia News ресурсан журналисташ аьшнаш а беш, царна кхерамаш туьйсуш ву дIаязйинчу аудио тIера стаг. Цкъачунна билггал къастийна дац къамел дийриг мила ву. Йа Зеламхана а, йа цуьнан дас а луш комментарий яц журналисташна тийсинчу кхерамех.

Мазаев Тимур Москва дIавахна кхерамаш хезначул тIаьхьа.

Москварчу "Внуково" аэропортехь летта вовшех Битаров Зелимханний, Эйдельштейн Олеггий – Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо хиллачу Битаров Вячеславан а, Оьрсийчоьнан либерал-демократин партин лидеран Жириновский Владимиран а кIентий. Кеп-кепара болчу хаамашца, дов доладелла Эйдельштейна Битаровх лаьцна маьттаза къамел дарца. Амма Жириновскийн воIа полицехь, ХIирийчоьнан куьйгалхочун даржах мукъаваьлла Битаров кхидIа хIун лелон дагахь ву бен ца хаьттинера ша, аьлла. Охан-беттан 9-чохь даржах мукъаваьккхира Битаров Вячеслав.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG