ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь полицин белхахо ер терроран тохар санна толлуш ду


Рамбуйе, полицин белхахо йийначу меттигехь
Рамбуйе, полицин белхахо йийначу меттигехь

Францерчу Рамбуйе гIалахь пIераскан дийнахь йийна полицин белхахо. ЦIе ца йоккхчу тIелеттачо шозза логах урс тоьхна цунна полицин декъан дозана тIехь. Дуьхьал герз тоьхна вийна зуламхо. Йинчу чевнех кхелхина жима зуда. Полицин эпсар ца хилла йийнарг, ассистент болх беш хилла иза.

ТIелетар динчу стеган цIе йовзуьйтуш яц, амма хаамийн гIирсийн зерашца, 36 шо долу Тунисера орамаш долу стаг ву иза. Бакъо йоцуш еххачу хена чохь Францехь ваьхна хилла иза, амма тIаьхьо мухIажаран статус яккха аьтто баьлла.

Полици тешна ю, динарг терроран тохар хиларх. Зорбанашкахь бечу хаамашца, исламан лозунгашца мохь бетташ хилла цо ша тIелетачу заманчохь.

Инцидент хиллачу кхаьчна пачхьалкхан премьер-министр Кастекс Жан. Цо гIо лаьцна полицин, ткъа тIелатар "йист йоцу къизалла гойтуш дина акха хIума ду" аьлла, дIахьедина.

Твиттерерчу шен агIонехь Францин президенто Макрон Эммануэла яздина, пачхьалкхо "исламан терроризмца" къийсам латтор бу аьлла.

Стохка гурахь Францехь цхьа могIа терроран тохарш дира, талламчийн версица, радикалан исламан агIончаша. Шуьйра дийцинчух ду - Москвахь винчу, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волчу Анзоров IабдуллахIа 47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вер. Иза ша а вийра лоцучу муьрехь полисхоша.

Веллачу хьехархочунна хIоттийначу тезетан барамехь вистхуьлуш Францин президенто кризисан хьолехь ду исламан дин аьлла, дIа а хьедина, кхайкхамбира, Францин республикан мехаллаш радикалан исламах ларъян еза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG