ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Перинаталан центрехь кхачамбацарш карийна ГIалгIайчуьрчу прокуратурана


Бераш дуьненчу дохучу махкарчу перинаталан центрехь дуккха а кхачамбацарш карийна ГIалгIайчуьрчу прокуратурана. Оцу урхалло меттигерчу яхархочунна Экажева Тамарина деллачу жоьпа тIехь ду ишта яздина. ГIалгIайн мехкан перинаталан центран коьртачу лоьро Халухаева Людмилас шен декхарш корматаллица кхочуш ца дарх арз динера цо. Экажевана хетарехь, лоьрийн бехках беран цIа дIадаьккхинера цуьнан.

Кехата тIехь билгалдаккхарца,Кавказ.Реалиин артиклехь Экажеван дIахьедаран хьокъехь язйина факташ теллина. Уьш бакъ хилар а къаьстина, ткъа Халухаева тIейогIучу заманчохь оцу тайпаниг ма далийта аьлла, дIахьедар а дина, йитина.

"Дика а хета, тамашен а ду, лоьрийн гIо кхачочу заманчохь Тамарица нисъелла проблемаш а, кхачамбацарш а прокуратурана хааялар а, - дуьйцу, бакъоларъяран "Мемориал" центраца (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина

"Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) болх бечу цуьнан адвокато Агальцова Тамарас. - Делахь а, тхуна ца тайна, беран цIа дIадаккха хIун бахьана хIоьттинера, къастийна цахилар".

Экспертийн жамIашкахь цунах лаьцна яздина хила тарло, боху Агальцовас, амма адвокатийн аьтто ца кхаьчна и кехат каракхача.
Цундела, оцу гIуллакхан духе кхиархьама адвокаташ дагахь бу шайн экстпертийн сацам байта.

Карарчу ушеран 2021-чу шарахь Маршо Радионо шен агIоне ийцира, ГIалгIайчуьрчу перинаталан центран коьртачу лоьран ледарлонах а, цуьнан корматалла цахиларх а язйина материал.
Оцу дарбан хIусамехь зенаш хиллачара дуьйцура, шайн беран цIа дIадаккхарх перитонит бахьана долуш. Цул совнах, центрехь бераш дукха леш хилар а къаьстина. Центран белхахоша латкъамаш бора шайн куьйгалхочун "профессионализм цахиларна".

Экажевас латкъам биннашехь, дийнна шарахь и гIуллакх тергал ца деш Iийначу прокуратурано, материал зорбане яьллачул тIаьхьа шайн таллам болийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG