ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойн геноцид къобалйина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа


Эрмалойн геноцидах музейхь латтон суьрташ, Ереван, 2015ш
ярх даьхна суьрта
Эрмалойн геноцидах музейхь латтон суьрташ, Ереван, 2015ш ярх даьхна суьрта

Османан имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла КIайчу цIийно. Оцу кепара дIахьедар дина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос Охан-беттан 24-чохь, и хиламаш дагалоьцучу заманчохь.

Америкерчу шина а конгрессийн палатано 2019-чу шарахь и зулам геноцид ю аьлла, тIеийцира, амма резолюцина тIе ца тайра хIетахь Американ хиллачу президентан Трамп Дональдан администраци.

Кеп-кепарчу зерашца, 1915-1916-чу а шерашкахь Османан империн дозан тIехь байина 1, 5 миллион гергга эрмалой. Царех дукхахберш Iедалхойн пурбанца хIаллакбира бохуш, чIагIдо талламчаша.

Туркойчоь дуьхьал ю дуьнено геноцид яра иза аьлла, тIеэцарна. Эрмалой пачхьалкхан политикан бехкашца белла бац, мацаллехь а, тIемашкахь а байина бу бохуш, къар ца ло уьш. Делахь а, дуьненчуьрчу 34 пачхьалкхо геноцид лору хилларг.

Эрмалойн геноцид къобалйийр ю ша аьлла, чIагIо йира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Барак Обамас шен президентан хьалхарчу рожехь, Байден Джо а вара цуьнан командехь вице-президент. Делахь а, Обамас ша аьлларг кхочуш ца дира, президентан даржехь шолгIа хан чекхъяьлча, дохко ваьлла ша тIелаьцна хилларг кхочуш ца дина аьлла, дIахьедира цо.

Дуьненчуьрчу 30 сов пачхьалкхо эрмалойн геноцид лору хилларг.
Османан имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла, резолюци тIеэийцира стохка Чиллан-баттахь Шеман парламенто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG