ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан премьер-министро Пашинян Николас дарж охьадиллина


Пашинян Никол
Пашинян Никол

Эрмалойчоьнан премьер-министро Пашинян Никола дарж охьадиллина. Тахана, Охан-беттан 25-чохь, меттигерчу телехьожийлехь дина цо оцу кепара дIахьедар, яздо "Новости" агенталло.

"Товбеца-беттан 20-чохь рогIера боцу парламентан харжамаш дIабахьийта тахана сайгарчу даржах волу со", - дIахьедина политико.

Оцу юкъанна цо билгалдаьккхина, харжамаш хиллалц боллучу барамехь премьеран декхарш кхочушдийр ду ша аьлла.
Иштта Пашиняна тIетоьхна, хинболчу харжамашкахь "Гражданский договор" партин цIарх шен кандидатура премьер-министран куьйгалле хьалхатоттур ю ша.

Билгалдоккху, Эрмалойчоьнан йоллу министрийн кабинет а дIахецна.

Ломанан Карабахера тIеман конфликт йирзичхьана Пашиняне дарж дитар тIедожийна, протесташ йо эрмалоша. Оппозицин ницкъаша бехкево премьер къоман интересашна ямартваьлла бохуш, "Даймохк кIелхьарбаккха" аьллачу цIарца политикан болам вовшахтуьйхира цара, 17 партийн векалш юкъа а боьлхуш.

Протестхошна жоп лучу Пашиняна чIагIо йира дарж охьадилла, амма рогIерчу харжамашкахь юха а дакъа лоцур ду ша аьлла, дIахьедира.

Товбеца-беттан 20-чохь рогIера боцу парламентан харжамаш дIахьор хиларх а дIакхайкхийра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG