ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дIавоьллина Бельгехь вийна Диресов Асламбек


Нохчийн тезет, гайтаман сурт
Нохчийн тезет, гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Шалажахь дIавоьллина Бельгерчу Льеж гIалахь нохчашний, курдошний юкъадоьллачу девнехь герз тоьхна вийна Диресов Асламбек, хаам бина,"ЧП/Грозный" инстаграм-пабликна тIе а тевжаш, "Кавказский узел" портало.

Бельгехь машенаш тоен сервис яра Диресовн, ахчанца гIо-накъосталла латтадора цо Европерчу а, шен даймахкарчу а мисканашна. "Асламбека [...] сагIа кховдадора таро йоцчарна, вуно машар безаш адам дара иза. Ша вуьйчу дийнахь а ваханера иза машар бан. Амма шен машена чуьра охьавосса а ца кхиийтина. Чу герз тоьхна вийна иза", - боху хаамехь.

Зорбане яьллачу видео чохь гуш ю юьртарчу урамехула барма эцна боьлхучу нехан йоккха тоба, некъан йистошца лаьтта дуккха а машенаш.

  • Бельгерчу Льежехь иттаннашкахь нах тIелеттачохь вийна Диресов. Талламо бинчу юхьанцарчу хаамца, тIелеттарш курдой бу, карахь бейсболан гIожмаш а, лаххара а цхьа маса топ а йолуш. Шен машена чохь герз тоьхна цунна. Де хьалха машенна ягориг юттучу станцехь дов иккхина хилла нохчашний, курдошний юкъа, станцин да а, цхьа клиент а лазош. Талламо лаьцна, левеш ву видеокамерашца вевзина кхо курдо. Диресов вийначул тIаьхьа лаьцна, тоьшаллаш долуьйтуш дара 28 нохчочуьнга а. Зулам динчу меттехь карийна маса топ.
  • Зазадоккху-баттахь Францехь 1500 сов стаг аравелира нохчийн диаспораца нийсо лелор доьхуш. Акци хIоттаран бахьана дара Рен гIалахь Зазадоккху-беттан 17-чохь Нохчийчуьра схьаваьлла 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер. "Наркотикаш юхкучийн къестамаш" бу хиламна бухехь, бохура полицино, ткъа вийначун гергарчара бохам буьйзира Лабазанов ша вехачу цIа чохь наркотикаш ца йохкийта хьовзарна дилерша бинчу бекхамца.
  • 2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижонехь наркотикаш юхку нах тIелетира 16 шо долчу нохчийн кхиазхочунна. Цул тIаьхьа девнаш лилхира, Францин цхьацца меттигашкара кIантана еттар декха гулбеллачу нохчаша дакъа а лоцуш. Цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша хилларг дуьйзира "наркобизнесан къестамашца" – оцу хьокъехь Нохчийчуьра схьабевллачу дуккха а наха низамхошка аьрзнаш дира шайна дуьхьал эладита кхолларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG