ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу туьканашкара нехан декхарш текхнарг хилла Бельгехь вийна нохчо


Зазадокху-беттан юьххьехь видео яьржира, Нохчийчохь цавевзачу стага туьканашкахь нехан гулделла декхарш дIатекхна аьлла. Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша яздарехь, иза хилла Бельгехь хиллачу кхийсаршкахь вийна Диресов Асламбек.

"Даим а орцах волура иза гIо оьшучарна. Девне воцуш, бакъахьа кIант вара иза. Ша вуьйчу дийнахь а нахана юкъахь маслаIат дан вахана хиллера иза", - аьлла «Give Good» гIоьналлин фондан векало.

Маршо Радионо яздира дахначу кIиранан дийнахь Бельгерчу Льеж гIала нохчашний, курдошний юкъадоьлла дов шордаларна болчу кхерамца полици оьзна аьлла. Охан-беттан 16-чохь туьтмIаьжигашкахь хиллачу бевзаш боцчара вийнера Нохчийчуьра схьаваьлла мухIажар.

Инцидент иккхинчохь нисбеллачара яьккхина видео яьржира социалан машанашкахь. Цу чохь го Iаьржачу машенна тIехьаьвдда боьлху нах. Иза соццушехь, тIелеттачара го бо цунна. Хеза доьазза герз долуш.

И инцидент хилале де хьалха, Охан-беттан 15-чохь, дов иккхина хилла нохчийн а, курдойн а шина вахархочунна юкъахь сервисан центрехь. Уьш дIасакъасто гIоьртинчу сервисан дена а, клиентна а чевнаш йина, аьлла меттигерчу прокуратурехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG