ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггаре кIезиг ахча дерш бу Нохчийчоьнан, Дагестанан, ГIалгIайчоьнан бахархой


Оьрсийчоьнан бахархоша шаьш беха-бехачу меттигашкахь банкашка ахча диллар зуьйш, РИА "Новости" агенталло дIабаьхьначу талламан жамIаша тIаьххьарчу меттигашкахь гойту Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан.

Центробанкан терахьаша бахарехь, Нохчийчохь цхьана вахархочунна кхочу банкашка диллинчу ахчанах 11,8 эзар сом, ГIалгIайчохь – 12,2 эзар сом. Юккъерчу барамехь схьаэцча, цхьана дагестанхочун ду банкехь 26,4 эзар сом.

"Уггере къечу " итт мехкашлахь ю Къилбера кхин а йиъ регион. Уьш ю Кхарачой-Чергазийчоь (37,5 эзар сом), ГIебарта-Балкхаройчоь (45 эзар сом), ГIалмакхойчоь (49 эзар сом), Адыгей (59 эзар сом).

Ерриг а пачхьалкхехь наха банкашкахь латточу ахчан барам бу Зазадоккху-беттан 1-чу денна 33,7 триллион сом. Лидер ю Москва, цхьана вахархочунна кхочу депозит ю цигахь 967 эзар сом. ШолгIа ю Петербург – 488 эзар сом.

Талламо гайтарца, стохка бахархойн банкашкара ахча кхиина 2,4 триллион соьманна. Сом лахдаларца, валютин мах хийцабаларца дузу иза.

  • Хьалхо бинчу талламо гайтира Къилба а, Къилбаседа Кавказан а федералан гонаш нах бизнесна юкъаийзабелла хиларх лаьцна хIоттийначу Оьрсийчоьнан рейтинган лахарчу могIаршкахь. Массерачул а эшна дара хьал ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а.
  • Зазадоккху-баттахь Къилбаседа Кавказан республикаш яра кегийчу а, яккхийчу а ярташкара алапаш довзуьйтучу рейтинган уггаре лахарчу могIаршкахь. ТIаьххьара ши меттиг дIалоцура Нохчийчоьно а, ГIебарта-Балкхаройчоьно а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG