ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн закъалтIехь. Нохчийчу буьтур буй-те арахьара бакъонашларъярхой?


Кадыров Рамзан

Дуьненаюкъара вовшахтохараллаш юкъаозо езара Нохчичохь адамаш тIепаза дарца йоьзна проблема дIаяккха аьлла, хьахийна Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхоша. Бахьана ду дуккха а нехан синтем байна дуккха а адамаш дайар 2017-чу шарахь.

Дукха хенахь дуьйна лаьттачу хаттарца доьзна оцу кепара сацам кховдийна "Мемориало" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар). Бакъонашларъярхоша дехар дина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле Оьрсийчоьнна гайтахьара аьлла оцу территорина тIехь (Нохчийчоьхь) лаьтта кризис дIаяккхар Iалашонца яккха езаш йолу ши гIулч.

Мемориална" хетарехь, республикехь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а адамаш лечкъорца а, царна тIехь Iазап латторца а доьзна хьал хийца Оьрсийчоьно гIо деха деза лоруш йолчу дуьненаюкъарчу органе, тIеман конфликташ хилар а, адамийн бакъонаш йохорна а лар йоцуш байна нах лахарехь зеделларг долчу.

Масала, хьахийначерех бу Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖаIаран комитетан говзанчаш а, лар йоцуш дайна адамаш лахарехула йолчу Дуьненаюкъарчу комиссин белхахой а, Аргентинера кхелан антропологин тобанан говзанчаш а.

ШолгIа гIулч яккхар санна эксперташа кховдийнарг ду Къилбаседа Кавказе Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовозатохараланн нуьцкъала я шен лаамехь байна боцучу тепаза байначу нахехула йолу белхан тоба йитар а, и говзанчаш цигахь хиллачул тIаьхьа цара дан деза аьлларг кхочуш дар а.

Верриг а 2016-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь а лаьцнарг вара лаххара а 200 стаг

Нохчийчохь дуккха а адамаш дайъарца йоьзна инцидент хилира 4 шо хьалха. "Новая газето" бинчу хаамца, иттаннаш адамаш дайъинера республикехь 2017-чу шарахь Дечкен-беттан 25-чара 26-чу буса. Цулла хьалха, хууш ма хиллара, кегийрхойн тоба тIелетта хиллера полисхошна 2016-чу шеран ГIуран-баттахь. Оцу тIелатарна жоп делира Нохчийчоьнан Iедалша, дуккха а кегийрхой дIалецарца.

Газето яздарехь, верриг а 2016-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь а лаьцнарг вара лаххара а 200 стаг. Царах цхьаберш дIахийцира. Цхьана декъе тайп-тайпана бехктакхамаш кховдийра. КоалгIа дакъа лар йоцуш дайра. Иза хиллачул тIаьхьа масех бутт баьлча 2017-чу шеран аьхка "Новая газето" тептар арахийцира, Нохчийчохь цхьа а бина таллам а, йина кхел а йоцуш, вийначу 27 жимачу стеган цIераш а, фамилеш а ялош.

Оьрсийчоьнан Федерацехь нийсонца кхел ца карийначу лар йоцуш вайна волчу 8 жимачу стеган гергарнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле бевлира. Оцу кхело талла дагахь тIеийцира латкъам, ткъа стохка оцу гIуллакхехула жоьпаш лохуш хаттарш хьажийра Оьрсийчоьнан Iедале а, и латкъам биначаьрга а. Кхушара Оханан-баттахь латкъам бинчеран "Мемориалерчу" векалша шайн жоьпаш дахьийтира Европан адамийн бакъонашкахула кхеле. Царна хетарехь, хилларг тIечIагIдеш гулйина база цкъа а хилла доцу хIума ду, цо шеко йоцуш тоьшалла до Iедалш декъа хиларна Нохчийчуьра бахархошна тIехь Iазап латторна а, уьш байъарна а.

Ша аьлча, уьш тIетевжина №2 йолчу Кадыров Ахматан цIарахчу патрулан-постан полкан серанта Гезмахмаев Сулеймана динчу тоьшаллашна. Цо дийцинера журналисташка нах байъар муха хилира: жимачу нахана герз муха диттира, муха садукъийра церан, спортан муш логахах а хьерчош.

Гезмахмаевс йийцира лецна хиллачу нехан цIераш, иза вара царна ха дан хIоттийна хилла. Лаьцначул тIаьхьа дийна бисначара дийцарехь а, ткъа иштта нохчийн хилла волчу полисхочо динчу тоьшаллашца а, полкан подвалан чохь хилла бу оцу тептарехь вийна аьлла вуьйцучу 27-х цхьаберш.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан хаттаршна деллачу жоьпехь Оьрсийчоьнан Iедало кхетадо Нохчийчохь наха лар йоцуш барах лаьцна, уьш Шема ,дIабахна хиларца. Латкъам бинчара чагIдо байна нах Оьрсийчуьра арабевлла хиларан цхьана а тайпа тоьшалла ца хилар. Оцу нехан махкахволу паспорташ а ца хилла. Ткъа цхьаболчера цу тайпа паспорташ цIахь ду. Iедалан позицин бухехь ду Дасаев Iимара а, Патаев Саламбека а дина тоьшаллаш, амма бакъонашларъярхоша чIагIдо, нохчийн полицино и шиъ а латтийна хилар оццу подвалехь. ТIаьхьо Дасаев а, Патаев а юхавелира шаьшшима шайна тIехь ницкъ бина динчу тоьшаллех.

Латкъам биначара доьху Европан адаман бакъонашкахула йолчу кхеле Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу Конвенцин цхьанаметта 4 артикл талхийна хилар ларар: адаман даха бакъо хилар, Iазап латтор дихкина хилар а, нийсонца кхел ян бакъо хилар а, эвсаре ларвалан аьттонаш барца йоьзна бакъо хилар а. Бакъо санна лоруш ду, цу кепара къепе йохораш бух хилар бехктакхаман гIуллакх доло а, адамаш лар йоцуш дар хьокъехь леррина таллам бан безаш хилар а.

Амма латкъам бинарш шеко йолуш бу Оьрсийчоьнан Iедалийн оьшуш ма хиллара реакци хир ю бохучух, цундела цара Европан адаман бакъонашкахула йолчу кхеле кхайкхам бина, Оьрсийчоьнан Iедашка кхайкхам бахьара аьлла, лечкъийна нах лаха а, уьш лечкъор сацадайта некъаш лаха а дуьнентIехь а лоруш йолчу дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашна гIо дайта.

Нохчийн полицино видеороликаш гойту, Гадаев гIоза-декъал хилар гойтуш, амма цхьа а вац цунна тIевуьтуш

Нохчийчохь Дечкен-баттахь 2017-чу шарахь дуккха а адамаш дайъар доцург бакъонашларъярхой саготта бу дуккха а Нохчийчуьрчу полисхойн карахь болчу республикерчу кхечу бахархойн кхолламана. Кхушара Оханан-баттахь Францин Iедалша шайн махкара араваьккхина Оьрсийчу дIахьажира Нохчийчохь вина а, ваьхна а волу Гадаев Мохьмад. Дукха хан ялале иза лецира, цо низам а дохош герз латтийна хилла аьлла бехке а вина. Иза дIавигира Нохчийчу. ХIинца нохчийн полицино видеороликаш гойту, Гадаев гIоза-декъал хилар гойтуш, амма цхьа а вац цунна тIевуьтуш.

Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, хьалха цу кеппара роликаш гойтуш хилла хилар кхечу лечкъийна болчу нохчех лаьцна а, масала, Тепсуркаев Салманах а, Бакаев Зелимхах а. Оцу видеороликийн турпалхой мичахь бу хууш дац хIинца а, ткъа цхьаболу эксперташ шеко йолуш бу, уьш хIинца а дийна бу бохучух.

Кхузаманахьлерчу Нохчийчохь хуьлучо гойтуш ду, стагана лар йоцуш ван оьшуш ца хилар Iелшна герзаца дуьхьаллатта. Наггахь уьш бу, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна цхьацца бахьанашца "нийса" ца хета лелар долу могIарера бахархой.

Ткъа "нийcачуьнан" чулацам цхьана стагана шена хетарг а бен нислуш цахиларна, ма-дарра аьлча, Нохчийчоьнан берриг а бахархой бу шайн-шайн декъана цуьнан закъалтIехь. Ткъа иза хуьлуш ду Москвано бакъо а луш, тоъал ахчанца гIортор а еш.

Цундела, тамаша бу, Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашна оцу территори тIехь адамаш лечкъорца а, уьш лар йоцуш дарца а йист яккха бакъо лахь. Делахь а, дуьненаюкъаралле бечу кхайкхамаша гIо дан мега Москвана Iаткъам бар алсамдаккха а, Нохчийчохь цхьацца дикачу агIор хийцамаш хилийта а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG