ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн штабаша сацош бу шайн болх прокуратурин сацамца


Москварчу гIалин кхело экстремизмалле хиларх лаьцна шега чуделла арз листаллц йолчу ханна Оьрсийчуьра оппозиционеран Навальный Алексейн штабаш дIакъовла сацамбина Москван прокуратуро. Оьрсийчоьнан къилбехьарчу агIонехь и сацам хьакхало Краснодарерчу, ХIинжа-ГIаларчу, Ростоврчу штабех.

Охан-беттан 26-чохь Москван прокурора Попов Дениса арахецначу сацамо бахарехь, "Навальныйн штабаш" олучу юкъараллин боламо яржайо "сайташкахула экстремизмаллин материалаш, экстремизм лелорехьа, дуккха а наха дакъа а лоцуш, къепе йохорехьа кхойкху, Iедалан урхаллаша магош боцу барамаш дIакхехьар". Масал далош хьахийна "Навальныйна - маршо" цIе а йолуш, деношкахь Оьрсийчоьнан гIаланашкахула, къилбера гIаланаш декъахь а йолуш, алссам наха дIабаьхьина барамаш.

"Массо а штабаша а санна, оха сацабо болх, дIакъовлу тхайн штаб – белхахошна баккъал а набахте хьийсорна кхерам бу, болх цара хIинцачул тIаьхьа дIабахбахь", – хаам бира Кавказ.Реалиига Краснодарерчу Навальныйн штабан координатора Панченко Анастасияс.

ХIинжа-ГIаларчу штабан координатора Атаев Эдуарда ша дагахь ву дистаницонан кепехь болх бан, Гезгмашин-баттахь хинболчу парламентан харжамашна тIехьовсу тергамчаш кечбан, элира тхоьга.

  • Коррупцица къийсам латторан фонд а (арахьарчу агентийн реестре язйина ю и цхьаьнакхетаралла), оппозиционеран Навальный Алексейн штабаш а экстремизман тобанийн декъа язъяр тIедожийна прокуратуро Охан-беттан 16-чохь. Коррупцина дуьхьаллаьттачу фондо дIахьедина, "ма-дарра аьлча, шена реза мел воцург экстремистийн декъаваккха боху Кремло", аьлла.
  • Краснодарехь Охан-беттан 21-чохь магийна йоцчу митинге гулвелира мехкан администрацина хьалха ши бIе сов стаг. Лецарш долийра дукхахберш дIасабевлча.
  • Ростовхь гуламхошна дуьхьалбевлира ОМОН-хой. Нах дIасабовлучу юкъанна лецарш долийра.
  • Шайца масех журналист а волуш, нах лийцира Навальныйн агIолоцучу дийнахь ХIинжа-ГIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG