ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкахь лаьцна Пятигорскехь герзаш диттина кхо стаг


Пятигорскехь Охан-беттан 24-чохь герзаш а детташ даьллачу девнан кхо декъашхо лаьцна Ставропол-мехкан полицино а, къайлахчу сервисаша а.

Бисина декъашхой лохуш бу, хаам бо "Интерфаксо", мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъерчу информацина тIе а тевжаш.

Урхалло бахарехь, герзаш дуьйлуш хезна Ессентукская, Сельская урамаш къасталучохь. Чехка йоьдучу шина машенахь хилла герзахой, къайлабевлла тIаьхьо.

Цкъачунна йолчу информацица, травматан а, кхераме доцу а герзаш хилла кхийсинарш. Лазийна вац стагга а.

  • Хьалхо гIалгIайн МаьлгIабигенан кIоштарчу Лакхарчу Ачалкхехь герзаш диттира вовшашна меттигерчу вахархочо а, Ставропол-махкара веъначу хьешо а. Еза чов йира хIуманна а бехкевоцчу, урамехь нисвеллачу 15 шо долчу кIантанна.
  • Нохчийчохь стохка ГIадужу-баттахь бехктакхаман гIуллакх айдира ши стаг верца доьзна. Герзаш детташ веллера шиъ, лазийнера кхоъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG