ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернобылера зарратан станци эккхарх лаьцна документаш довзийтина Украинин СБУ-но


Припятерчу дагалецаман акцин декъашхой
Припятерчу дагалецаман акцин декъашхой

Украинин кхерамазаллин сервисан Пачхьалкхан архиво Чернобылера зарратан (атоман) электростанци (АЭС) эккхарца доьзна къайладаьхьна хилла документаш довзийтина 1986-чу шарахь Оханан-беттан (апрель) 26-хь и бохам хилла 35 шо кхочуш. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Зорбане даьхначу КГБ-н документашна юкъахь ю уггар хьалха эккхар хиларх лаьцна АЭС-н директора Брюханов Виктора йина доклад, хаам бо, РБК-Украина зорбан сервисо.

Архиверчу кехаташа тоьшаллаш до, оцу станцехь авареш хьалха а хилла хиларх лаьцна. Иштта 1982-чу шарахь 1-чу энергоблокехь аракхоьссина хиллера радиаци шеца йолу коьчалла. Цунах лаьцна йолу доклад чекхйолу "паникан а, провокацин а хабарш ца хилийта дан дезарг дина" дешнашца. 1984-чу шарахь аварийн ситуацеш хиллера 3-чу а, 4-чу а энергоблокашкахь.

Докумсенташа гайтарехь, 1983-чу шарахь Москварчу куьйгалле хаам кхаьчна хилла, Чернобылера АЭС уггар кхерамечарех а кхераме атоман станци ю Советан Союзехь, кхерамазаллин гIирс цахиларна аьлла.

1986-чу шарахь Товбеца-баттахь (июль) кхочуш ца дан йиш йоцу буьйр араделира, станцехь авареш хилар къайладахьарх лаьцна, яздо РБК-но.

ДIакъастийна хераяьккхина зона ю бохам хиллачу Чернобылан станцина гонаха 30 километр радиоус йолуш. Эксперташа дуьйцу иза дахарна кхераме хирг хилар кхин а эзарнаш шерашкахь.

ДIаяхначу буса эзарнаш адамаш гулделлера дагалецаман акце иккхинчу станцина гергахь адамаша дIатесначу Припять гIала-бӀарлагӀе. Гулбеллачара чIурамаш латийра кхелхинарш дагалоцуш, хаам бо Маршо Радион укранахойн сервсо.

Нисса дIа Чернобылан атоман станци эккхар бахьана долуш кхелхина лору шву 30 гергга стаг. Кхин а эзарнаш адамаш далар доьзна лоруш ду Украинехь а, Беларусехь а, Оьрсийчоьнан цхьамогIа регионашкахь а, радиацех дIовш далар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG