ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн зударий гойту видео дIакъевлина Ютьюбо


Ютьюбо дIакъевлина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шолгIа зуда хила тарлучу Хазуева Фатимин доларчу гIошлонех лаьцна "Проект" ресурсо бинчу талламах йолу видео. Сюжете хьожийла дац хIинца – дIакъевлина иза шен авторан бакъонаш талхийна аьлла, "Грозный" телекомпанино арз дарца доьзна. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Кавказский узел" газето.

Нехан тидам тIебахана таллам зорбане белира Охан-беттан 7-чу дийнахь. Цо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун долахь ю лаххара а 800 миллион сом мах болу гIишлош. Хазуеван долара хIусамаш йоцуш, йовзуьйту талламо Кадыров Рамзанан официалерчу зудчуьн Кадырова Меднин хIусамаш а.

"Проекто" шен таллам баржийначул тIаьхьа Хьалхарчу канало шен сайтера "Нохчийчоьнан хазалла-2006" ("Краса Чечни-2006") конкурсах йолу сюжет дIаяьккхарх лаьцна хьалхо хаам бира Кавказ.Реалиино. Оцу материалехь гойтуш яра Хазуева. Шена "Проектан" сайтанна тIелетта зуламхой, иза болх беш яцара цхьана ханна. Масийтазза хилла иштаниг.

"ТIаьххьарчу 10 денна чохь дуккхаза а DDOS-тIелетарш дина "Проектан" сайтанна. Буса цхьа сахьт даьллачу хенахь йолаелла таханлерчу дийне яьлла проблема, агIо хIинца а яц еллалуш. Доллучо а гойту тIелатарна тIехьа лаьтташ оха Кадыров Рамзанан зударех, церан къайленех, даккхий ахчанех лаьцна яьккхинчу видеон турпалхой хилар. Ала дашна, зуламхойн оцу тIелетарша лагI ца бо Нохчийчоьнан куьйгалхчун бахамах йолчу информацига нехан болу тидам – тхан тексте, видеога цхьацца платформашкахула хьаьжна 4 миллион стаг", – хаам бина "Проекто" шен фейсбукехь Охан-беттан 17-чохь.

  • Охан-беттан 7-чохь журналисташа шега "Проектан" талламах хетарг алар дехча, президентан пресс-векала Песков Дмирийс, ша ца хьажна оцу видеога, элира. Цо дош делира, видеога а хьаьжна, шолгIачу дийнахь комментари ян, амма данне а ца дира иза.
  • Оппозицехь волчу нохчийн блогера Абдурахманов Тумсос дийцарехь, Хазуева Кадыров Рамзанан зуда хилар къайле яц республикехь цхьанна а. ХIетахь хиллачу конкурсехь толам баккхинарш массо а бигира Кадыровс, амма даиманенна йисира Хазуева, билгалдаьккхина Абдурахмановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG