ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов: "Кадыровн зуда ю иза, махкахь иза массарна а хууш ду"


Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъа а даре ца до, шен дукха зударий хиларх. Амма, "Проектан" журналистийн хаамашца, Кадыров Медни йоцург а, ю цуьнан шолгIа, официалехь хьахош йоцу зуда Хазуева Фатима. Нохчийчохь цкъа бен хилла йоцчу хазаллин конкурсан декъашхо яра иза.

Соьлжа-ГIалара Кадыровн резиденцина уллора Кишиевн кIоштара шахьар цуьнан долахь ю. Мехкан куьйгалхочун администрацехь 80 эзар алапа а догIуш, балхахь ю иза. Оцу регионехь дика ахча ду иза.
2020-чу шарахь Кишиевн кIоштан дозана тIехь маьждиг дира: 2019-чу шарахь кхелхинчу Фатмин ден цIе тиллира цунна.
Соьлжа-ГIалара шахьар йоцург а, кхин а ара-чу ца баккхалун бахам бу Хазуевана тIебазбина.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнана Кадырова Медни (юккъерниг)
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнана Кадырова Медни (юккъерниг)

"Проектан" зерашца, езачу Москварчу Шаболовкера 130 метар йолчу петаран долахо ю Хазуева. 2013-чу шарахь чохь ца беха 600 метар гергга йолу гIишло кхечира цунна циггахь.

Цул совнах, Хазуеван долахь ю Минская урамера 290 метар йолу хIусам а цхьана: Кадыров Рамзана официалехь йолчу хIусамненан Меднин цIартIехь ю цунна дуьххьал йолу петар

Иштта, Хазуеван ю Хамовникера 200 метар хIусам, шина а зудчо юкъахь дола деш ю Мосфильмовская урамера 210 метар йолу тIекIел йина йоккха гIишло а.

Мел бакъ ю, Хазуеван а, Кадыровн а юкъаметтигех "Проекто" зорбане яьккхина информаци? "Настоящее Время" телеканало хаьттира цунах лаьцна нохчийн оппозицин блогер волчу Абдурахманов Тумсога. Дикка хан ю цо Кадыровн режим емал ен, карарчу хенахь Швецехь вехаш ву иза.

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра блогерна, цул тIаьхьа Швецехь тIелатар дира Абдурахмановна.

"Суна вевзаш вара Хазуеван ваша. Бакъдерг аьлча, Кадыров Рамзанан зуда иза хилар къайле яц, республикехь массарна а хууш ду, - дийцина блогеро Настоящее Время телехьожийлана. - Кадыров Рамзан, да вийначул тIаьхьа шен лаамца Iедалан коьрте ма хIоьтти дIаяьхьначу хазаллин конкурсехь финале елира иза. И конкурс йирзинчул тIаьхьа, цигахь тоьлларш Кадыровн "зударий" хилира.

Царех Фатима, эр ду вай, гуттаренна а зуда йиссира цуьнан. Цо цунна бераш дина, деш а ду. Махкахь массарна а хууш ду и".

Кадыровн "гарем" тайппа хIума хилар тIечIагIдира Абдурахмановс: "дола йоккху, юха юьту" аьлла. Динехь магош ду божаршна "цхьана ханна" зударшца там-мах бар, амма, блогеро бахарехь, Нохчийчохь дуккхаъболчарна ца тов и кеп, царна нийсо ца хета, регионехь зударий кхийлар марзделла гIуллакх делахь а.

"Сан кхетамца, Кадыровн, схьагарехь, масех зуда ю: гуттара а шиъ муххале а ю, ши ваканси даим а латтош ю цо, хийца а хуьйцуш, - тергал до Абдурахмановс. - Цкъа балош, юха бохуьйтуш болчух тера ду цо. Меттигерчу бахархошна ца тов, дера, оцу тайпа лелар цуьнан. Емалдо цара, товш ца хета. Массарна а хууш ду, дан хIума доцийла, цундела хIуммаъ цагучуха IадIа уьш".

"Кхеташ хила деза, вай дуьйцург дукха зударий кхийлар дац. Зударий балор цхьа могIарера гIуллакх санна туьду, цу тIехь проблема яц, тхо бусулба ду, тхуна юкъахь магош Iадат ду иза. Цундела, Кадыровн масех зуда хиларх, оцу зударша цунна доьзалш болорах а, - цхьа а цец ца волу, оцу тIехула йа бехкаш ца доху, - билгалдоккху блогеро. - Ткъа вуьшта аьлча, оцу кепашца - цIартIе йоккхуш, юха юьтуш лелочу ловзаршца - Дела а, нах а Iехон гIерта - и ю проблема. Харцонаш ю лелораш, цо эргIадъоьхуьйту нах".

"Вуьшта Фатима цуьнан шолгIа зуда хилар - кхеташ ду, цуьнца къуьйсуш, и нийса ца хеташ цхьа а вац. Бакъ ду, хазаллин конкурсехь иза къастийна хиларо шимма мекха туьйсу, ша и къовсам а нохчашна юкъахь лелош хIума цахиларна. Тхо цунах ца кхета, делахь а, иза кхин тема ю", - боху Абдурахмановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG