Нохчийчоьнан куьйгалхочун масех хIусамненах шаьш бинчу талламах жамIаш зорбане даьхна "Проект" гIирсо. Журналистийн хаамашца, официалехь йолчу Кадырова Меднина а, шолгIачу, "официалехь йоцчу" Хазуева Фатимина а тIеязбина бу 800 миллион соьмана чу-ара ца баккхалун бахам.
"Проекто" дуьйцу, Кадыров цкъа а къера ца хилла дукха зударий балорна, массо а республикерчу барамашкахь цунна уллехь хьалхара зуда Кадырова Медни хуьлу. 42 шо долчу хIусамнанас 12 бер дина цунна, кхин а шиъ кхаба доьзале эцна а ду.
Журналистийн хаамашца, Кадыровн "шолгIа" зуда ю, 2006-чу шарахь Нохчийчохь дIаяьхьначу хазаллин конкурсехь дакъалаьцна Хазуева Фатима. ХIетахь оцу къовсамехь шолгIачу меттигехь яра иза.
"Проекто" яздарца, Соьлжа-ГIаларчу Кадыровн резиденцина уллера "Кишинев" шахьара ю Хазуеван долахь.
"9 эзар еакIов метар йолу, футболан ши майда хиллал йоккха меттиг ю иза. Цуьнан дозана тIехь йиллина бассейн ю, Соьлжа-ГIалахь цхьаъ бен йоцу", - билгалдоккху таллам бинчара.
2020-чу шарахь "Кишиневн" территори тIехь маьждиг дира, 2019-чу шарахь кхелхинчу, Кадыровн "шолгIачу" зудчун ден Хазуев Шайхин цIарах.
Иштта, "Проектан" хаамашца, Шаболовкера 130 квадратан метар йолчу петаран долахо а ю Хазуева Фатима. Циггара 600 квадратан метар хиллал болу меттиг а цуьнан цIарте баьккхира 2013-чу шарахь.
Цул сов, Кадыровн "шолгIачу" хIусамненан долахь ю Минская урамера 290 метар йолу, нах чохь бехачу комплексера петар а.
Кадыров Рамзанан официалан зудчун Кадырова Меднин цIарахчу гIишлонна дуьххьала ду и цIа.
Иштта, Хазуеван цIартIехь ю Хамовникера 200 метар йолу петар а.
"Проектан" журналисташа чIагIдо, Фатимас а, Меднис а юкъахь дола до Москварчу Мосфильмовскаян урамеррчу 210 еакӀов метар йолчу чIогIа лекха тIекIелдинчу цIенон, бохуш.
И стигал-бохь бахьана долуш тIекхиа аьтто баьлла, "Мусаева Меднин" цIарах йолчу зудчун долахь масех чу-ара ца баккхалучу бахаман гIишлош хилар. Мосфильмовская урамера 225 квадратан метар йолу петар а, 187 метар йолу "Маяковская" метрон социйлан кIоштара петар а.
"Билгалдаккха догIу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнана официалехь шина цIарца лелаш хилар. Деклараци тIехь Мосфильмовская урамерчу цхьана петаран да йолу Кадырова а, бахам алсам болу, амма цунах лаьцна деклараци тIехь ца хаийтина Мусаева а", - яздо "Проекто".
Журналисташа мах хадорехь, Кадыровн шина а зудчун доларчу бахаман мах 800 миллион сом бу. Церан шеконаш ю, оццул долу хьал цу шиммо шаьшимма къа а хьегна, эцна хирг хиларх.
Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а Кадыров Рамзанан администрацехь болх беш ю аьлла, дIаязйина ю. "Проектан" информацица, цаьршинан алапа 100 эзар соьме а ца кхочу.