ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIентан латарна ша къастийна мах "лачбаккхарна" реза вац Нальчикерчу боксан куьйгалхо


ГIебарта-Балкхаройчуьрчу боксан федерацин президента Бербеков Нажмуддина хаамийн гIирсаш бехкебина Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана "толам дIабаларх" лаьцна ша аьлла бохуш доцург яздарна.

"Со цец-акъ ваьлла оцу аьшпех, ас аьлла бохуш дуьйцучух. Ас цхьаьнхьа а, цкъа а ца аьлла, латар, хьалххе дуьйна хиндолу жам а хууш, дIадаьхьна, я цхьанна тIеIаткъам бина. Иза берийн спорт ю, спортсменна цхьа доккха зен ца хилча а сацадо латар, иза лазийна гора ца вожарх а, гал ца вийларх а", - яздина Бербековс инстаграмехь Охан-беттан 26-чохь.

Хьехориг ду Соьлжа-ГIалахь Охан-беттан 8-чохь "Туьйранийн Зама 6: Леррина операци" це йолу халкъашна юкъара боксан къовсадаларш доьлхуш 13 шо долчу Кадыровна а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цуьнан нийсархочунна Биттаров Асланна а юкъахь хилла латар. Толам Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана дIабелира, цунна важа етта волалушшехь. Биттаровс, Кадыровна дуьхьало а еш, цунна коьртах масийттазза тоьхча, реферис цIеххьана сацийра латар, ХIоьттира парггIат ирахьлаьттачу Биттаровна, иза нокдауне вахча санна, терахьаш дагардан. Цул таьхьа боксеран вераса гата ластийра ринга юкъа, эшарна къера хуьлуш. Хиламан хьокъехь "Грозный-информ" портало яздира, Кадыров Адама шеца летачунна "цхьа а шанс ца йитира", аьлла.

Латарна комментари еш, Бербековс журналисташка элира, спортхо "эшна" хилар Биттаровн тренерша шайггара ца къастийра, ца бевлла тесира юкъа гата, аьлла. "Тренерш цхьаьннан карахь хуьлу, хаа ду шуна, цара шайггара ца бина и сацам [гата юкъатасар]. Ас иза луьстур ду", - аьллера юьхьанца Бербековс.

Леташ "толам дIабелла" Бербековс аьлла дацахь а, массех хаамийн гIирсо тренераш бозуш хиларх лаьцна цо аьлларг тидира иштта. Яьржина резонанс Соьлжа-Галахь комментарешка яьккхинчара нийсонца дIадаьхьна латар, чIагдо. Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хаамийн гирсаш бехкебира харцдерг даржорна, латарна тIехь шайна "пиар ян" гIеута уьш, аьлла. Цуьнан дешнашца аьлча, рефери "Биттаровн баьргаш чу а хьажна, кхийтира иза галъиккхина вуйла".

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG