13 шо долчу Кадыров Адаман - Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI- ГIебарта-Балкхаройчуьрчу латархочуьнца Биттиров Асланца леташ яьккхинчу видеога хьаьжча, цуьнан толам шеконе баьккхина ца Iаш, оцу латаран суьдхо хиллачо а озабезам бинийла гуш ду. Дуккхаъчу наха хьесап дира, техникан нокаутехь Кадыровна ца богIуш дIабелла толам аьлла.
Охан-беттан 18-чохь хIоттийнера скандале йирзина и турнир.
ШолгIа раунд йоьдуш 50-чу секундехь сацийра тасадаларш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана толам дIа а луш.
"ГIебарта-Балкхаройчуьрчу спортхочо Кадыров Адамна ялхозза коьртах буйнаш биттича латар сацон сацам бира
ТIаьхьо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу боксан федерацин президенто Бербеков Нажмудис хаам бира журналисташка, "эшначун" тренерша, цуьнан эщар бакъдеш, ринга тIе гата кхусуш сацам шайггара бина бацара аьлла. Хилларг "гIалат" ду элира Бербековс.
Fight Nights Global промоутеран компанин президенто Гаджиев Камала ишта комментари йитира референин сацамах лаьцна: "И нокдаун дIаягаръян хьанна коьрте деанера? Цунна ца хаьара, нах шайх буьйлур буйла?".
"Концентрацех валар"
Шен эфирехь бархI минот хан яйъира нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало 3 шо долчу Кадыровн кIентан латарх а, толам баккхарх а дуьйцуш, латар нийсонца дара аьлла, нах тешо а гIерташ.
Репортажехь Биттировн тренеро Шипшев Батыра боху, латар сацон Iалашо хилира шен, рефери нокдаун дIаягаръян волавелча. Оцу хенарчу спортхошлахь цаторийла яцара латарш кхин дIа дахьа.
Нохчийн телехьожийлан журналисташа къамел дира ишта Оьрсийчоьнан боксан федерацин коьртачу суьдхочуьнца. Цо а дIахьедира, Биттировгара хьал дика гуш хилла уллохь волчу реферина аьлла. Оцу юкъанна цо боху, латар юкъах ца даьккхинехь а мегар дара, спортхочун агIончаша гата юкъа кхоьсича, цигахь кхин дийца хIуммаъ дацара.
Суьдхочо Кукаев Беслана элира, Биттировн бIаьргаш чу хьаьжча кхийтира ша, "концентрацех иза воьхнийла". КIентан могушалла коьрта хийтира шена, цундела дагардан волавелира ша, аьлла цо.
"Латарх лаьцна наха ечу критикано шен вела дог доуьйтуш хилар гайта гIертара Даудовца къамелехь Кадыров
Ала догIу, нокдауне вахийтинарг я "концентрацех воьхнарг" шен шина кога тIехь лаьтташ ву, цакхетарца реферига а хьоьжуш. Шен тренеро ринга тIе гата ластийча, куьйгаш дIасадохуьйту цо, цара лелочух ша ца кхетийла а хоуьйтуш.
Социалан машанашкахь йозанаш дуьтурш тешна бу, Кадыров Адамна коьртах тIаьхьий-хьалхий ялхозза ГIебарта-Балкхаройчуьрчу спортхочо буйнаш биттича, латар сацон Iалашо хилла аьлла.
Турниран трансляци дIахьочу комментаторо а билгалдаьккхира, Кадыровна толам дIалуш бина сацама "кхеташ хIума дац" аьлла.
Иштта социалан машанашкахь динчу дийцаршкахь тидам бинера, Биттировгахь боксерийн даккхий каранаш хилар, ткъа Кадыровгахь кегийнаш. ШолгIачун Биттировнчул а дика аьтто бара оцу хьелашкахь цунна дикка тохарш дан.
Йинчу критикана дуьхьал Кадыровс ша кийча ву аьлла, шолгIа а Биттировх тасавала.
Нохчийчоьнан урхалхочун кIантехьа гIо даьккхина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Инстаграмехь эфир хIоттийра цо Кадыров Рамзана а дакъалоцуш, шаьшиннан къамелехь дIахьедира, "бакъволу толамхо" бехван гIертарх.
Латарх лаьцна наха ечу критикано шен вела дог доуьйтуш хилар гайта гIертара Даудовца къамелехь Кадыров. "Газанаша" бакъдерг дуьйцур дац цкъа а олу цо.
"Ахь хIуъа дахь а, цара цкъа а даре дийр дац", - аьлла, шен кIентан толамах комментари йитира Кадыровс.
Тамашен хIума ду, нохчийн куьйгалхочун шолгIачу кIентан Кадыров Iелин толамах лаьцна цхьаннан а хаттар ца кхолладелира. Охан-беттан 18-чохь хиллачу цуьнан латаран терго ца йира цхьаммо а.
"Биттиров Аслан а, спортан ши комментатор а воцург ринга тIехь хIоьттинчу хьолах хууш вара массо а
Кадыров Адаман толамах лаьцна дуьйцучу блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедира, хетарехь, Биттиров Аслан а, репортаж дIахьош хилла, шайн цецбийлар лачкъа ца делла, спортан ши комментатор а воцург ринга тIехь хIоьттинчу хьолах кхеташ вара массо а аьлла.
2016-чу шарера схьа дуьйна хIиттош ю Кадыров Рамзана шен кIенташка дакъалоцуьйту турнираш. ХIетахь дуьххьара ринга тIе бевлира цуьнан воIарий, оцу тIехула хаамийн гIирсашкахь йоккха скандал а иккхира. Оьрсийчоьнан ММА-н куьйгалхочо Емельяненко Федора а емал дира и латарш, амма хIетте а юкъах ца дехира латарш.
2018-чу шеран аьхка кикбоксинган турниран гурашкахь Соьлжа-ГIалахь латар хилира хIетахь 10 шо долчу Кадыров Адаман а, Нальчикерчу "Азурро" клубан цIарх волчу 11 шо долчу Байчекуев Аланан а. Байчекуев эшийра, амма цунна Кадыров Ахьмадан фондера ахчанца совгIат дира.
"Шина а къоначу латархочунна кубкаш елира, ткъа Аланна 100 эзар сом", - яздира Кадыров Рамзана социалан машанашкахь.
Кадыровн эго
Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарийн толамаш терго йоцуш биса там бара, нагахь санна, массо а хIумана тIехь Кадыров а, цуьнан доьзал а масал эца адамаш санна гайта ца гIертахьара нохчийн Iедалхой. И доцург а дуккха а гIуллакхаш до цара нохчийн куьйгалхочун "паччахьан" васт лардархьама.
Нохчийчохь 346 урам бу Кадыровн а, цуьнан гергарчийн а цIарах. Дуккхаъчу маьждигашна техкина регионан урхалхочун цIийнах болчийн цIераш Масала, 15 шо долчу Кадыровн кIентан цIарах маьждиг ду Нойбехь.I
1990-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчоьнан Лакхарчу Советан Президиуман сацамца Соьлжа-ГIалара аэропорт шейх Мансуран цIарх дIакхайкхинашшехь, веллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан 70 шо кхочучу дийнахь аэропортна цуьнан цIе тилла кечлуш бу Iедалхой.
"Оьрсийчоьнна Нохчийчоьнера оьшург - паргIато ю, иза оьшу Путинна шена а, Нохчийчуьра толам- цуьнан Iедале варан бух бу
Нохчийчоь Оьрсийчоьнах "йозуш йоцу" республика йолуш санна лела цуьнан куьйгалла. Кхузахь юьйцу шарIан кхелаш, цхьангара ледарло ялахь, цIийнах мел верг жоьпалле озаво, Кадыров оьгIазвахийтинчийн цIенош дагадо кхузахь, массо а юкъараллан тIегIанашкхаь яржош ю мехкан урхалхочун доьзалан культ, кхузара кхерамаш кхочу Оьрсийчоьнан политикашна кадыровхошкара, - федералан кхечу цхьана хьаькамо я регионан куьйгалхочо шена могуьйтур доцург ду и дерриг а.
Регионна тIехь контрол мел ю, Москвана пайден дац хIокху муьрехь хIуммаъ а хийца, кхетадо бакъоларъяран "Мемориал" центран (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра.
"Контртерроран операцин раж дIаяьккхина, терроризм эшорах дIахьединашшехь, Москвана лаьа, республикехь Кадыровс Нохчийчоьнна а, номиналехь диаспорана а тIехь контрол латтон. Аьлча а, нохчашна тIехь. Москвана логикехь а, маьIне а хета ишта".
Iилманан белхахочо, Кавказан стратегин анализан программан куьйгалхочо, Юккъерчу Европан Институтан аналитико Баранец Томаша бахарехь, "феномен" ю Кадыров, Нохчийчохь бен хила йиш йоцуш.
"Кхечу республикашкахь а, субъекташкахь а дац, тахана вайна Нохчийчохь гуш дерг. Оьрсийчоьнна Нохчийчоьнера оьшург - паргIато ю, паргIато оьшу Путинна шена а. Нохчийчуьра толам- цуьнан Iедале варан бух бу, иза цунах хьакхалуш ду, цундела кхечерачул а, Кадыровн аьттонаш бан кийча ву иза", - аьлла хета къамел динчунна.
Цо дийцарехь, ши бахьана ду, Кремлна Кадыров сил чIогIа оьшуш хиларан: "Хьалхара- цунах тешам хилар. Кадыровна а, Путинна а юкъахь симбиоз ю, и шиъ вовшашна оьшуш ву. ШолгIа бахьана - Кадыровн урхалла даран шога кеп. Оцо нохчийн къам доькъуш хиларо, Москвана аттох хуьлу ситуацина тIехь контрол латтон".
Кремлехь наг-наггахь бен комментари цо йо Нохчийчуьрчу керлачех. Масала, Охан-беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретар Песков Дмитрий реза ца хилира, Кадыровн зударийн бахамах лаьцна журналисташа динчу хеттаршна жоьпаш дала.
Цул а масех де хьалха Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан федералан Iедалхошна Нохчийчоь муьтIахь цахиларх.
Бахьана дара кхел йоцуш иттаннашкахь махкахь байина нах а, дозанал а арахьа бехачу Кадыровн оппоненташна тIаьхьабовлар а. Цунах лаьцна информаци а тергамза йитира Кремло.
Ткъа 13 шо долчу Кадыров Адаман къовсамечу толамах лаьцна журналисташа Песковга хатта а ца хаьттира.