ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адаман толам баккхар къастош ду боксан Федерацино


Adam Kadyrov, Chechen Republic Head Ramzan Kadyrov's son
Adam Kadyrov, Chechen Republic Head Ramzan Kadyrov's son

Биттиров Асланца хиллачу латарехь Кадыров Адама толам баккхар хIоттийна сурт дара, Биттировн тренерийн лаам бацара латар юкъахдаккхар аьлла, дIахьедина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу боксан федерацин куьйгалхочо Бербеков Нажмуддина. Кадыровн а, Биттировн юха а латар хIотторе дог доху ша аьлла Бербековс.

"Лаьар-кх реванш хила", - аьллачу цуьнан дешнаш далийна "Подъем" хаамийн гIирсо.

Бербеков тешна ву, латар кечдина дара аьлла.

"И нах цига бахарх суна кхо де хьалха хиъна, хIара гIовгIа иккхинчул тIаьхьа. Сан спортхой оцу кепарчу барамашка ас буьгуш бац", - аьлла Бербековс.

Эшначу кхиазхочун тренерша шайн сацамца юкъахдаьккхина дацара латар аьлла, тешна ву ГIебарта-Балкхаройчоьнан боксан федерацин куьйгалхо.

"Со Москвахь хилира, Оьрсийчоьнан боксан Федерацехь и хаттар луьстуш лелла со. Асланан тренершца хIинца а цхьанакхетар хилла дац сан. Тренерийн карахь хIуммаъ ма дац, тешийша, и гата ластош сацам цара шайггара бина ма бац. Ас къастор ду и гIуллакх", - дIахьедина Бербековс.

Дуьненаюкъара "Время Легенд 6: Спецоперация" турнир хилира Соьлжа-ГIалахь Охан-беттан 18-чохь. Оцу латаршкахь дакъалоцуш вара Кадыров Рамзанан воI Кадыров Адам а, ГIебарта-Балкхаройчуьра латархо Биттиров Аслан а. Хьовсархошлахь вара республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Биттиров Асланца хиллачу тасадаларехь техникан нокаут а еш, шеконан толам баьккхира Кадыров Адама.

Масех тохар тIаьхьий-хьалхий Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIа тIехтесначул тIаьхьа реферис матч сацорна къовсамаш баьллера юкъараллехь. Суьдхочун сацамах а, дIакхайкхийначу жамIех а цецваьллера "Матч! Боец" телеканалан комментатор а.

Латарш дирзинчул тIаьхьа "Грозный-информ" агенталло яздира шен агIонехь, хьовсархоша дийцарехь, "цхьа а шанс ца йитира" Кадыров Адама шеца леттачунна аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, боксехь къовсаме даьллачу латарехь, толам баккхарна тIехь аьшпаш лелорна а, "пиар" ян гIортарна а бехке бира мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада хаамийн гIирсаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG