ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Тазиев Iелас ( амир "Магас" цIарца алссам вевза иза) тIе ца эцна шена ша блокпосташна тIелетта, 2009-2010-чу шарахь ГIалгIайчохь бронетранспортер эккхийтина аьлла тIебаьхьина бехк, хаам бо "Интерфаксо", Къилба федералан гонан тIеман кхелерчу пресс-векалтанна тIе а тевжаш.
Тазиевна бехкедо тIемалойн гIера коллар а, цунна урхалла дар а, къепелатторхойн а, эскархойн а дахарна тIекховдар а, кхерамечу хьелашкахь нехан бахам хIаллакбар а, низамехь а доцуш герзаш лелор а, лелха коьчалш кечъяр а.
Оцу юкъанна леца кхайкхийна бу Тазиевн хила тарлуш болу накъостий.
"Магаса" ша Ростоврчу тIеман кхелах ца теша, бехккъасторхой декъахь а болуш кхел шена тIехь яр дийхира хьалхо. Шена оццу кхело валлалц набахтехь кхаба 2013-чу а, 20I5-чу а шерашкахь сацамаш тIеэцна хиларца дузура цо шен дехар. Тазиевс доьхура шена кхел ша зуламаш дина боххучу махкахь яр. Амма кхело тIе ца эцна тутмакхан цхьа а дехар, Охан-беттан 27-чохь гуллур бу Ровтовра кхелахой, дов талла долош.
Талламан версица, 2007-чу шеран ГIадужу-беттан юьххьехь Тазиев Iела хIоьттина "Вилайат ГIалгIайчоьнан" коьрте, Iалашо хилла Оьрсийчоьнан цхьаалла а йохош, йозуш йоцу ШарIан пачхьалкх кхолла.
- Ша 2010-чу шарахь лаццалц тIемалойн баьчча хилла ву Тазиев Iела. Валлалц йолу хан токхуш ву Соликамскерчу "Белый лебедь" набахтехь.