ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВогIур вуй Евкуров кхеле?..


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек толлучу девна юккъе а озийна, цхьана зуламна цуьнга тоьшалла дайта мега. И дIахьедар дина стохка гIалгIайн махкахь тIелатар лайначу бакъонашларъярхойн а, журналистийн а адвокаташа.

Цара, низамо бохучу кепехь Талламан комитете дехар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнгара тоьшаллаш схьаэцахьара аьлла.

Царна хетарехь, Евкуровна хууш ду дийна делкъа хенахь шайна йиттинарш а, машен ягийнарш а муьлш бу. Шена уьш муьлш бу хаарх, цо аьлла боху и зулам хилла дукха хан ялале адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхоца цхьанакхетар дича.

Дагадоуьйту, стохка Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь Нохчийчоьнца дозанера Сипсо-гIалана йистехь журналисташ а, бакъонашларъярхой а чохь болчу микроавтобусна тIелатар динера туьтмIаьжгаш йоьхначу герзхоша.

Массарна етта а йиттина, машен ягийнера цара. Оццу хенахь Ягдари эвлахь йолчу «Къизаллашна дуьхьал комитетан» офисна а тIелатар динера муьлш бу ца хуучу наха. Уьш а туьтмIаьжгеш йоьхна хилла.

Шуьйра гIарадаьлла и зулам таллар тIелецира Талламан комитето. Амма жимма хан яьлча, зуламхой бовза аьтто бац аьлла, сацийра.

ХIинца, шега Евкуров теш санна юкъавалаве аьлча, иза тидаме а эцна юха а доло дезар ду Талламан комитетан.

Хила дезарг ишта делахь а, ма дарра долу сурт кхечу агIор ду, аьлла хета зехиллачеран адвокатна Сабинин Андрейна.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо талламхочо теш санна оцу гIуллакхна юккъе озавахь тамаш хета шена элира цо Маршо Радиога телефонан зIенехула.

Сабинин: «Дина дехар тIе ца эца йиш яц цуьнан. ТIе а эцна, цо луьстур ду иза. Ткъа, цуьнан жамIех аьлча, суна хетарехь эр ду: талламхочо ша бан безаш болх бу иза, иза возуш вац, цундела цо ша тIеэца деза жамI, цундела Евкуров леван оьшуш хилар ца хета шайна, аьлла.

Иза могIарера видео ма яц. Иза адамийн бакъонашкахула кхеташонан Евкуровца хилла цхьанакхетар ду шуьйрачу гайтамехь, масала, Ютюбехь гIарадаьлла долу. Цуьнах Каляпин Игора дуьйцу массанхьа. Иштта «Дождь» телеканалехь а ю и видео. Церан линкаш а ю чуделлачу арзан тIехь.

И видеош оцу гIуллакхан юкъейихкича нийса хир дац. Талламхочо ша дан дезаш дара иза. Ткъа цо иза дийра ду-дац ала хала ду. Суна хетарехь дийр дац».

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шолгIа кхойкхуш ву толлучу зуламан гIуллакхан теш санна. 3 шо хьалха Ростовехь теллира гIалгIайн тIемалочун Тазиев Iалин (Магас) олучунна дуьхьала гIуллакх.

Цигахь кхела хьалха цунна дуьхьала тоьшалла дира Евкуров Юнус-Бека. Тазуевна массо а агIор бехке а лерина, велла дIаваллалц набахтехь якхха хан туьйхира кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG