ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчоьнан юкъараллан синтем байина Цечоев Iийсанан а, Чумаков Хьамзатан а хIусамех а, машенех а хьийсаро.

Гоьваьллачу шина имамаца боьзна тIаьххьара хиламаш бахьанехь Iеламнехан кхеташоно дIахьедар дина.

Салафитийн имамашна гонах эккхийтина провокаци а, царна йина кIело а, церан агIончашна хетарехь, къайлахчу сервисаша болийна болх бу, имамашна тIеIаткъамбарца.

Iеламнехан кхеташонан куьйгалллехь волчу Евлоев Микаила бахарехь, динчу дIахьедаран коьрта лаам бу, юкъараллан тидам ГIалгIайчоьнан куьйгаллина а, ницкъаллийн структурашна а тIеозор

"Мехкан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан омраца дIабаьхьна Цечоевн цIийнах хьовсар, аьлла информаци ю".

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро, Iели-Юьртарчу бахархошка хаттам а беш, шаьш бинчу талламехь, хаамийн гIирсашкахь яздинчул а шуьйрра дуьйцу имамашна гонах хIоьттинчу хьолах.

Бакъоларъярхоша талламаш бечу юкъана гучуделира, Iели-Юьртахь дуккхачу бахархойн цIенойх хьийсина хилар.

Масех тобанашка бекъабеллачу полисхоша цхьабосса юьртан цхьацца агIонашкахула чубогIуш, болийра хIусамашкахь талламаш. Салафитийн могIаршкахь боцурш а хилла полисхойн тептаршкахь

Iеламнехан кхеташонца уьйрашкахь волчу юристо Хаутиев БагIаудис Кавказ.Реалии портале дийцира, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан омраца хилла имаман Цечоев Iийсан цIийнах хьовсар аьлла, информаци хиларх. Республикерчу антитерроран комиссин урхалла дийриг мехкан куьйгалхо ву.

Iедало юьхьарлаьцнарг, гIалгIайн юкъараллана кхерамш тийсар ду аьлла хета Хаутиевна.

Чумаков Хьамзатах шех таллам ца бинехь а, цуьнан хадархойн машенаш кегоро хоуьйту, тIейогIучу хенахь Iедало цхьаъ цунна дуьхьал доккхург хилар.

Карарчу беттан чакхенехь Москох ГIалгIайчохь лелачу коррупцех вистхила везаш вара Чумаков Хьамзат, нагахь санна, хьаькамаша бакъдолу терахьаш шена довзийтахь.

Юристана Хаутиев БагIаудина хетарехь, оцу бахьанашца хилла Чумаковн хадархойн машенашчохь талламашбар.

Дуккха а хан ю ГIалгIайчоьнан муфтийн Хамхоев Iийсан, мехкан куьйгалхочун юкъаметтигаш ийгIина, хIетте а царех цхьа а компромиссе ца воьду Цечоевн, Чумаковн агIончашца.

ГIалгIайчоьнан динан векалшна юкъара хене яьлла конфликт а хьахийна республикерчу Iеламнехан кхеташоно динан Iилманчашца а, кIошташкарчу динан векалшца а цхьаьна динчу дIахьедарехь.

Цара гIо доьху мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке бусулбанаш бертабалорхьама, керла Динан урахалла а кхуллуш, юкъара съезд вовшахтоьхна, дIаяхьа.

Юкъараллехь кеп-кепара политикан, динан ницкъаш жигарбовларо гойту, ГIалгIайчоьнан бусулбанашлахь хьал ира лаьтташ хилар.

Конфликтехь лаьттачу муьлххачу а агIонна дуьхьал яьккхинчу акцино

Керла гIаттамаш буьйлалур бу конфликтан муьллхха а агIо хьаяхь.

XS
SM
MD
LG