ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан машарбархойн машен иккхина Карабахехь


Ломан Карабахехь Оьрсийчоьнан машарбархой тIехь боьлху машен иккхина мини тIехь. Ши эскархо лазийна. Оцу хьокъехь, ша-шен йозушъяцар дIакхайкхийначу республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векала Тадевосян Унанас еллачу информацина тIе а тевжаш, хаам бийриг ю Радио Азатутюн.

Инцидент хилла Охан-беттан 25-чохь. Лазийна машарбархой кхачийна дарбан цIийне. Церан дахар кхерамзаллехь ду. Дукха хан йоццуш йирзинчу конфликтехь белла нах лехар сацо дезна Оьрсийчоьнан эскархойн машен эккхар бахьана долуш, боху хаамехь.

  • ТIемаш лаьттира Ломан Карабахехь 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 27-чуьра Лахаьан-беттан 9-чу дийне кхаччалц. Конфликт сецира Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан куьйгалхоша бартбарца.
  • Ломан Карабахехь ю Оьрсийчоьнан машарбархойн шина эзарнах лаьтта контингент. Иза ю шен дукхаллица Юккъерчу тIеман гонан 15-чу гIагIадиллинчу декъера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG